омрица, Испанера мавраш къиза хӏаллакьхилийта, Африкин йаьссачу гӏамаршка аракхийсарца гӏараваьллачу Филиппан ӏӏӏ-чун политикина.
Шен паччахьаллин лаам кхочушбеш, цо граф Евдокимов хаьржира, ткъа иза пачхьалкхана дечу гӏуллакхашка шен хьежаршца ӏаламат лакхахь вара герцогал Лермел а, муьлххачу Дон-Жуан-де Рибайрал а…»
Турце кхаьчна, дуьйцу ца хезначу халачу хьелашка, шайна хийрачу ӏедална а, политикина а кӏел нисбелла ламанхой йуханехьа даймахка гӏоьртира. Амма паччахьан правительствос йуханехьа цӏа бахкийта ца баьхнера уьш шайн даймахках, ткъа султанан правительствос йуханехьа даймахка дӏахеца а ца битинера уьш Турце.
Кхелхинчу ламанхошна а, церан тӏаьхьенашна а гуттаренна а байра шайн даймохк.
Тахана хӏокху исбаьхьчу дворецан тхов кӏел изза кхоллам нохчашна а кечбан ойла йара шина пачхьалкхан правительствийн.
Амма цхьа ламанхой хилла ца ӏара паччахьан ӏедалан а, помещикийн а къизаллех, харцонех кӏелхьарбовла гӏерташ, Россера дӏауьдурш. Даймохк буьтуш, дӏаоьхура оьрсий, украинцаш, белорусаш… Дуьненан йеа а маьӏӏе. Ирс лаха. Сискал а, цхьанххьа йоцу маршо а, нийсо а лаха…
Хӏаъа, уьш хӏаллакьхилла. Хуьлуш а бу. Инзаре дукха а, эрча а. Хилча, хӏун ду? Ӏела-Пашин нанас бина-х баций уьш. Шайн мохк гауршна дӏа а белла, йевдда йаьхкина кӏиллой! Хьайбанаш! Сагӏадоьхургаш! Лен шайна. Кӏиллой, гӏорасизниш лийр бу, майраниш, андийниш дийна буьсур бу. Дийна буьсучара гӏуллакх до султанна. Цара низам латтадо болгарийн йарташкахь. Церан отрядаш хьийсайо, империн чоьхьарчу эрмалошна, гуьржашна а таӏзарш дан дезаш меттиг нисйелча. Империн кхечу йистошка а. Хӏара латта эрна хьоьшуьйтур дац цаьрга ӏела-Пашас.
Ткъа хӏинца Россица доза чӏагӏдан деза. Шина хӏордан йукъ дӏалоцуш, оцу дозанца нохчий баха охьаховшийча, тӏаккха оцу агӏор сагатдойла дӏайолу. Цара шайн буйна къовлур бу тӏом хилча наггахь оьрсашкахьа буьйлу курдойн баьччанаш. Иза дина а ӏийр бац. Шайца цхьаьна уьш Россина дуьхьал а бохур бу. Эрмалой а латтор бу таӏийна. Шатайпа амал йолуш, акха къам ду и нохчий. Цхьана а олаллина кӏел доцуш, ламанан аьрзунаш санна, маьрша даха ӏемина. Хӏинца, и маршо шайгара дӏа а