эпсарш болчу тӏеман гӏуллакхна ӏамийначу салташна дуьхьалхӏиттича, бӏо буьйхира-кха. Тӏехула тӏе, хаьржина баьчча а, хӏара де, важа де олуш стаг а вацара тхан.
– Тӏаккха хӏун дира аш? – хаьттира Берсас.
– Хӏун дийр дара оха? Барино шайга хӏумма а аларе а ца хьоьжуш, цунна балха бахара муьжгий. Шаьш лелийнарг иштта дуьсур ду моьттуш. Ткъа тхан жӏаьлина тоам ца хилира гӏуллакх иштта дӏадерзорах. И хьовр-зӏовр вовшахтухуш жигара хиллачарна таӏзар дан долийра. Килсан майдана адам а гулдина, оцу йуккъехь ахверзина а воккхий, бертал охьа а вижавой, цӏоганах чӏораш, серий деттара. Баринан дехарца, цхьакӏеззиг хӏума а тоьхна, со ӏадвитира. Оцу гӏуллакхо даьллачу тӏе а карзахдаьккхира сан дог. Муьжгий кхийтира сох биначу къинхетамах. Цхьа хаза йоӏ йара сан тӏехьийзаш. Марфа цӏе йолуш. Ло санна, кӏайн, стигал санна, сийна, цӏена бӏаьргаш, дешин басахь лепаш йеха, йуькъа месаш, гӏаргӏа санна, нийса, элдара дегӏ. Дукха хан йара тхойшинна вовшийн деза. Дийнахь, буса а къахьоьгуш, оцу шина-кхаа шарахь ахча ӏаӏийнера ас, иза йалийча ловзарна, бахамна бохуш. Барин кӏадван а везара, жимма даьтта-хӏума а хьаькхна. Цуьнан бертахь бен йоӏ маре гӏойла а, кӏанта зуда йалайойла а ма дацара. Берриг кечам сайн хилла баьлча, баринера бакъо йеха аьттонна меттиг лехира ас. Цхьадика, и аьтто а нисбелира сан. Цуьнан говраш кхобу стаг цомгаш хилча, и товаллалц цуьнан метта балха хӏоттийра со. Цхьана дийнахь барин говрашка бӏаьрг тоха божала веача, дийци ас сайн гӏуллакх… «Дика ду, – боху хӏокхо. – Амма цкъа суна йоӏ гайта. Иза хьан зуда хила реза йуй хатта деза сан. Кхана иза а йалош вола». Шолгӏачу дийнахь Марфица цхьаьна барин волчу ваха со. Учахь, бӏогӏамах а тевжина, хӏоьттина лаьттара барин. Тхойша тӏедеача, леррина, вехха Марфе хьийжира иза. Цуьнан йуьхьадуьхьал хьажа ца хӏуттуш, лаьтта бӏаьра а догӏаделла, тхойша а лаьттара.
– Цӏе хӏун йу хьан? – хаьттира цо Марфе.
Марфас халла хезаш жоп делира.
– Хаза йоӏ карийна хьуна, Яшка. Хьо реза йуй Яшке йаха?
– Йу.
– Бӏаьсте йала хӏинца а ши бутт бу. Хӏетталц сан кертахь болх бан реза йуй хьо?
– Хьан лаам тхуна закон ду, барин.
– Сан цӏийнан терго йийр йу ахь. Хьан дега-нене а ас хаам