бийр бу. Кхана дуьйна схьайогӏур хьо. Ткъа, Яшка, соьгара пурба ду хьуна Марфа йало.
Шиммо а, цунна хьалха охьа а доьжна, цуьнан когарчу эткашна барт а белира охашимма. Барино, охьа а таьӏна, Марфа хьалагӏаттийра. Суна гира баринан бӏаьргаш чохь цхьа сутара цӏе. Оцу хьажарна реза ца хилла, кийра шелбелира сан. Амма зуда а, бераш а долчу воккхачу стагах цамегарг дер дац-кх аьлла, сайна маслаӏат дира. Марфа шолгӏачу дийнахь баринан керта балха йеара. Гӏарбаш хилла. Цхьа-ши кӏира даьлча, соьга аьрзнаш дан йолайелира иза. Барина сов забарш йо шеца, ша лело гӏерта, тӏаьхь-тӏаьхьа ницкъ бан а воьлла бохуш. Ас ойла йира. Кхерийна, барин сацавойла а йа Марфа цигара дӏайоккхийла а дацара. Сан лаамехь гӏуллакхаш ма дацара уьш.
– Сатухур вайша, Марфа, – боху ас. – Дала къинхетам бийр бу вайшиннах.
– Нагахь иза тӏехвалахь… Тӏаккха иза эхь ма ду… Кхузара дӏадада вайша… – йоьлхура Марфа.
– Хӏан-хӏа, – бохура ас. – И сийдоцург цо леладахь, ас вуьйр ву иза. Тӏаккха додур вайша. Иштта ала ахь цуьнга.
Цул тӏаьхьа дукха хан йалале хилира Марфа кхийринарг. Бӏарзйелла Марфа ша-шен ирхъолла гӏоьртича, тӏекхаьчначу цуьнан дас-нанас йаларх кӏелхьарйаьккхинера иза. Барино дикка самг йожийначу цара и гӏуллакх дӏа а таӏийна дитира. Атталла суна а ца хаийтира. Марфас а лачкъийра иза сох. Ша соьга дийцича, ас йа барин верна кхерайеллера а хаац, йа дас-нанас кхерийнера а хаац. Цхьана дийнахь ша волчу цӏа чу кхайкхира со барино. Ванах, хӏокхо хӏун до-те сох бохуш, ойла йеш ваха со.
– Хезий хьуна, Яшка, – боху хӏокхо, – бӏаьсте йаллалц зуда ца йалош ӏийна хӏун до ахь?
– Берриг кечам хилла бац сан, – эли ас.
Баккъал аьлча, суна дикка ахча оьшура.
– Хӏун оьшу хьуна?
– Цхьа кхо туьма ахча.
Барино, стоьлан гӏутакх схьа а оьзна, цу чуьра даьккхина, бӏе соьман кехат схьакховдийра соьга.
– Хӏан, хӏара бӏе сом ду хьуна. Зуда йалоран гӏуллакх сихде. Марфин деца-ненаца а, мозгӏарца а, массаьрца а дийцина ду хьан гӏуллакх. Кху шина-кхаа дийнахь чекхдаккха.
Цхьа кӏира далале, мозгӏарца мах бина, ловзар дина, гӏуллакх чекхдели тхан. Ловзар чекхдаьллачу буса гучуделира Марфина тӏехь барино лелийнарг. Амма йоӏе хӏумма а олийла дацара. Цуьнан хӏун бехк