Амма кӏезиг дара цаьргахьа долу эскарш. Уьш сихха хьаьшира. Коьртачех пхиъ ирхъоьллира. Эзарнаш Сибрех а, Кавказе а хьовсийра. Кхуза, ламанхошца тӏаме. Царна хӏуьттаренна. Цкъа-делахь, паччахьна хаьара, ламанхошна дуьхьал тӏом бан царна ца лаьийла. Шолгӏа-делахь, кхузахь тӏамехь уьш байъаре догдохура…
– Бирий цара вайна дуьхьал тӏом? – хаьттира Коьрас.
– Дера, бира, – жоп делира Берсас. – Ца бича, бовлурий уьш? Салт баьхна ма бахкийтинера уьш кхуза. Хьалха полковникаш бара уьш, кхузахь – салтий. Кара тоьпаш йелира. Дуьло, ламанхой байъа аьлла. Аш уьш ца байъахь, оха шу дойъур ду аьлла.
– Вайгахьа хӏунда ца бевлла уьш? Васал, Жабраил, кхин дуккха а санна?
– Уьш вайгахьа бовларх, церан а, вайн а хӏун нислур дара?
– Муха?
– Хьекъалечу нахана хаьара, сила йоккхачу, нуьцкъалчу пачхьалкхна вайн жимачу халкъо йен дуьхьало эрна хилар. Мацца а цкъа иза, къардина, кӏелсацор дуйла. Паччахье, инарлашка вайн цӏий ма ӏенаде, бохура цара. Вайн халкъаца ӏедал адамалле хилчахьана, халкъ ша тӏедоьрзур ду, бохура. Ламанхошна ишколаш йахка, царна лоьраш ло, мах лело, кхечу говзаллашна ӏамабе, кхузара хьоле маьӏданаш халкъана пайдехьа хьовзайе, бохура. Хӏаъа ткъа, паччахьаша, инарлаша ла ца дуьйгӏира цаьрга. Паччахьийн, хьолахойн бала ма бац халкъан хьаштийн. Кхечу халкъийн-м хьовха, шайн, оьрсийн, халкъан а.
– Хӏинца бац Россехь иштта нах?
– Бу, дера. Дуккха а. Шо-шаре мел долу, дебаш. Шо-шаре мел дели, хьекъале кхуьуш. Шайл хьалхарчийн гӏалаташ гуш, нийсачу новкъа баха ӏемаш. Хӏинца а кхойкху уьш ламанхошца адамалле хиларе. Вайн къоман гӏиллакхашца, амалшца догӏуш урхалла ло, боху, вайна. Тӏом чекхбаьлча мукъана, ламанхошний, оьрсашний йуккъе питанаш туьйсуш, мостагӏаллаш ма кхолла, боху. Оцу бехачу тӏамо халкъашна йина чевнаш, бохамаш, кхоьллина мостагӏалла а дицдалийта гӏорта, боху.
Массо а ойлане ваьлла дӏатийра. Товханан шуьйрачу туьнкалгехула мох угӏура. Стеран ахкаргаш тоьхна къевлинчу корехулий, неӏаран херошкахулий чоьху шело цӏийнан массо маьӏӏе кхочура. Мокха дохк хӏоттийнера хьакхарлахь чиркхан метта йогучу тӏелхиго а.
Хӏораммо а ойла йора хӏинцца Берсас бийцинчу