турпалхойн. Шайгарчу доьхначу хьолан а.
– Берриг оьрсий уьш санна белахьара, – элира ӏелас гӏийло. – Хьанна хаьа, берриг бохург санна, иштта хила а ма мега уьш. Амма, хӏун пайда бу, и цхьа масех стаг воцург, шайн ойла а лачкъийна, бист ца хуьлуш ӏаш хилча? Шаьш, уьстагӏий санна, кхуза тӏаме а лоьхкуьйтуш. Бакъду, тӏом чекхбаьлла хӏинца. Вовшийн дойъучуьра севцца. Вайн миска йарташ а ца йагайо хӏинца. Вай къарделла севцца дела. Амма пайда буй ткъа хӏокху машаран, вайгара латта дӏадаьккхина хилча? Оцу тӏе оьрсий ма ховшийна. Тӏеман гӏаьпнаш ма йоьгӏна. Вай кху хьаннашка, чӏажашка а лаьхкина. Тӏаккха вайгахь такха ницкъ боцу йасакхаш тӏейетта. Тӏехула тӏе, дӏа ког мел баьккхинчохь вай сийсаздо. Адамаш ца хета. Хӏан-хӏа, гена гӏур бац хӏара машар.
Гӏовталан кисанара схьаэцна, суьлхьанаш хьовзо кечвелира Маккхал. Кхо кӏант роггӏана баккхийчаьрга хьоьжура. Хӏун аьлла жоп лур-те цара ӏелина?
– Оьрсий бац вайгарчу бохамна бехке, – элира Маккхала. – Халкъ – халкъ ду. Халкъана тӏехь кхел йан бакъо йац цхьаннен а. Дерриг зулам паччахьера, хьолахошкара схьадолу. Кхана салтий балош кхуза веанчу пурстоьпо, вига а вигна, кара топ йелла, гена махка а вигна, цигарчу нахана йетта аьлча, ахь хӏун дийр дара, ӏела?
– Гӏур вацара-кх.
– Хӏун дийр дара ахь?
– Хӏун дар-цадар дац, гӏур вацара-кх.
– Ца гӏахь, дера, вара хьо, когех, куьйгех буржалш тоьхна, Сибрех хьажор.
– Бехкбоцу нах бойъучул, ша Сибрех вахана, цигахь валар гӏоли йу.
– Дийца атта ду иза, – велавелира Берса. – ӏедалца къийсалур дарий хьоьга, ва ӏела? Хьо-м чемхалг, адамийн хӏорда чохь тӏадам бен баций. Адамаш, халкъаш вовшийн коча ма туьйсу ӏедало. Дӏога ворхӏ хӏордал дехьа вехачу оьрсийн муьжгичунна ма ца хаьа нохчий хӏун йу. Ткъа ӏедало хӏун боху муьжгичуьнга? И нохчий къиза адамашдайъархой бу, уьш шайн луларчу оьрсийн йарташна тӏелета, зударий, бераш дойъу, йийсаре дуьгу, талораш до, уьш байъарх къа дац, мелхо а, мел хир бу хьуна, боху цуьнга.
– Иза бакъ ма дац ткъа! – мохь белира ӏелин.
– Ца хилча хӏун ду? Оцу муьжгичунна бӏаьрга а ма ца гина нохчо. Иза теша ма во.
– Кхуза схьакхаьчча, гой цунна вай? Тӏаккха ма хаьа цунна, шега ма-дийццара вай цахилар!
– Го. Амма тӏаьхьа хуьлу.