Нагахь санна феодальни Иран а, Турци а чоьхьа цамгар кхетта, мартлуш, ӏенаш хиллехь, ткъа Росси, хӏетта ницкъ ӏаӏош, кхуьуш йоккха, къона пачхьалкх йара.
Россин гӏоьнца шаьш гӏалмакхойн, гӏебартойн, дагестанхойн феодалийн олаллех маьршабовларе догдохура нохчаша. Амма оьрсийн паччахьаша а Кавказ дӏалаца гӏерташ колонизаторша мел лелийначу гӏирсех пайдаоьцура. Меттигерчу феодалашний, къаьмнашний, тайпанашний йукъа мостагӏалла туьйсура. Къаьмнаш шайн феодалашна дуьхьалдохура, тӏаккха хьалхарчарна гӏо дора уьш хьеша. Цкъа шайн феодалех бевдда ахархой тӏеоьцура, тӏаккха, феодалашца барт а бой, йуха церан кара дӏалора.
Кӏезиг бацара оьрсийн паччахьан политикина резабоцу ламанан халкъийн феодалаш а. Доллучул а уьш карзахбохура церан коьрта хьал долу латта паччахьан ӏедал шен тергам кӏел даккха гӏортар. Цундела, паччахьца бартах къаьхкина ца ӏаш, цкъацкъа даррехь цунна дуьхьал а бовлура цхьаццаболу феодалаш. Шаьш оьрсийн паччахьна дуьхьалбевлча, Иране а, Турцига а гӏо а доьхура. Ткъа паччахьан правительствона хаьара цаьрца ша лело дезарг. Шена муьтӏахь хила ца туьгучарна луьра таӏзар дора, шена тешаме болчарна чинаш, орденаш, даккхий алапаш, оьмарна пенсеш лора. Царна шен халкъашна тӏехь ӏедал латто гӏо а дора.
XVIII бӏе шо доладелча, Нохчийчохь феодалашна дуьхьал болу къийсам антиколониальни боламе боьрзу. Гӏебартойн элашна а, цаьрца бертахьчу нохчийн тхьамданашна а дуьхьал ахархой гӏевттича, хьалхарчара гӏо доьхура Теркахь, Гӏизларехь, Астраханехь болчу паччахьан воеводашка. Ткъа тӏаьхьарчара доггах гӏо дора ахархойн дуьхьало хьаша. Амма паччахьан воеводийн аьтто бацара даим дӏа Нохчийчохь шен эскарш латто. И таӏзархой кхузара дӏа ма-бевлли, халкъ йуха а гӏоттура шайн олаллахошна дуьхьал. Халкъан бекхамах кӏелхьарбовла кхин некъ ца буьсу феодалаш, паччахьан ӏедалера бакъо а йоккхий, шайн доларчу ахархошца цхьаьна оьрсийн гӏаьпнашна улло, Соьлжа тӏе йа Терка тӏе, Кавказски Линина герга дӏакхелхара. Паччахьан ӏедало дуьхьало йоцуш тӏеоьцура уьш, паччахьна муьтӏахь, тешаме хила цара дуй биъча.