Ламанхой, ткъа къаьсттина хӏара къармазе нохчий, экономически агӏонца охьатеӏабора паччахьан ӏедало. Нохчашна дихкинера Терка тӏерачу шахьаршца махлелор. Йа царна, кхечу къаьмнех къастийна, лаккхара пошлина хӏоттайора, Нохчийчу эчиг, туьха а дохкар гуттар а чӏогӏа дихкинера.
Ӏазапдаллорхошна дуьхьал халкъан гӏовттамаш хьоьшуш а, дӏакхийсина феодалаш йуха цунна тӏеховшош а нохчийн йарташ йохайора, йалташ, цанаш, докъарш хӏаллакйора, даьхний дӏадуьгура, йарташкара божабераш, кегийрхой амалтана буьгура. Иштта бигначу дуьйцу цахезначу ӏазапехь латточу амалтех йуьзна йара дозанца йолу паччахьан эскарийн гӏаьпнаш. Меттигера бахархой кӏез-кӏезиг лома кӏел лоьхкуш, церан латтанаш пачхьалкхан дола а дохуш, кхузахь тӏеман гӏаьпнаш йугӏура.
Нохчийн дуьххьарлера антифеодальни, антиколониальни боккха гӏаттам хилира 1708-чу шарахь. Гӏевттинчу нохчех схьакхийтира луларчу халкъийн къехой а, Кубанера гӏалгӏазкхий-раскольникаш а. Гӏовттамхоша го бира Терки шахьарна, амма цунна гӏоьнна даьхкинчу воеводийн Вельяминовн а, Апраксинан а эскаршца хиллачу тӏамехь эшна гӏовттамхой йухабевлира.
XVIII бӏешерийн дохалла цхьамогӏа баккхий антифеодальни, антиколониальни гӏовттамаш хилира Нохчийчохь. Гӏовттамхошна дуьхьал йаккхий таӏзарийн экспедицеш йира шайн коьртехь инарлаш Апраксин, Ветерани, Дуглас, Фрауендендорф, де-Медем, Потемкин, Якоби болуш. Шозза кхузахь гӏаттам хьаша даьхкира Донан гӏалгӏазкхийн а, гӏалмакхойн а эскарш. Тӏаьхьа цхьамогӏа экспедицеш йира полковникаша: Кека, Рика, Коха, Пьерис; инарлаша: Теккелис, Бибиковс, Булгаковс, Розена, Гудовича, и. дӏ. кхечара а.
Колонизаторски политико а, инарлийн къизалло а керл-керла гӏовттамаш кхуллура. 1785-чу шарахь алдахойн жаӏу шайх Мансур коьртехь колонизаторшна дуьхьал гӏеттира йерриг Нохчийчоь. И гӏаттам сихонца баьржира ӏаьржачу а, Каспийский а шина хӏорда йуккъехь дехачу дерриг ламанан халкъашна йукъа. Шайх Мансур дуьххьарлера имам вара ламанхойн. Иза коьртехь волуш ворхӏ шарахь йиначу дуьхьалоно болийра иттаннаш шерашкахь бахбелла Кавказски ламанхойн къоман маршонехьа къийсам.