– Вара со-м.
– Ткъа ас дуьйцург, лелориг дош дац-кх хӏета?
Гати, вист ца хуьлуш, корта а оллийна, ӏасанна тӏе а тевжина, лаьттара.
– Къаналла коша когаш охкийна со цигашха дӏа а хьажийна, цӏахь саца воллу хьо?
– Шахьи, ас масазза аьлла хьоьга, со цигашха лела стаг вац, – шен астагӏчу кога тӏе вазвелира Гати. – Айса халла вовшахтоьхна миска бахам бохийна, дӏавеача, цигахь муха тарлур ву? Со кхоччуш стаг ма вац. Хьуна сайх мохь ца бан гӏерта, аьтто белахьара, меттара гӏоттучохь а вацара. Цигахь хьох валахь, кхерста жӏаьла санна, цхьанхьа къен лийр ву…
– Со хӏун, цкъа а лийр вац аьлла, воьду цига? Кхузахь керста а хилла лечул, цигахь къен валар ца тоьлу?
– Сох керста вийр вац цхьаммо а. Дала оьмар лахь, и де тӏехӏотталц вехар ву со, тӏаккха… сан герз хӏинца а пенах кхозуш ду, хьакхар хьоькхуш. Могаш долуш айса ца кхоийна сайн дегӏ, и де тӏехӏоьттича, цуьрриг кхоор дац. Со а витий, дӏагӏо хьо, Шахьи.
– Хьо витина вахча, наха суна аьндолчун ойла йиний ахь? – бартхетта волавелира Шахьби. – Цхьаъ бен воцу ваша ша а витина ваха, эр ду. Ма кхералахь, кхузахьчул вон хир дац вайн гӏуллакх цигахь. Ӏеламстеган сий довр дац бусалба махкахь. Ас паспурт даьккхина хьуна. Хьан керт-ков Товсолтас оьцу. Ас мах бийцина цуьнца. Царах-м йоккха хӏума лур йацара хьуна. Ахча сан шортта ду. И тоьур ду вайшинна валлалц!
Вашас хӏун олу хьоьжуш, дӏатийра Шахьби. Амма Гати вист ца хуьлура.
– Шахьи, со валалур вац хӏокху махках, – элира цо эххар а гӏийла. – Хӏара мохк бахьана долуш заьӏап хилла со. Кхунах къаьстинчу дийнахь сан дегӏах са къаьстар ду.
– Валанза, Дела Ша воцург, ца волу. Махкахваьлла велларг, мелхо а, гӏазот хир ву. Кханалерчу дийнан ойла йан ма йеза.
Хӏара къамел иттазза хиллера шина вешин. Даим а дуьйцург цхьаъ дара. Кӏордийна хьех чекхдаьллера иза Гатина. Цо сацамбира тахана и тӏаьххьара а хадийна чекхдаккха.
– Шахьи, со ца вогӏу хьоьца. Дӏакхаьчначу дийнахь сайх Хонкаран паччахь вийр велахь а. Де дийне мел дели, хьегӏаш, оьшуш, кӏелвуьсуш ву со. Сайн хӏусамехь ӏожалла хила а, дайн кешнашкахь каш хуьлийла а лаьа суна. Кхин суна оьшуш хӏумма а дац.
– Дика ду, – Шахьбин хьажа йуккъе шад гулбелира. – Суна хаьа, хьо цӏахь