стенна соьцу. Хӏара мохк бац хьо цӏахь сецориг. Ас мацалла лечух кӏелхьардаьккхинчу Эсет бохучу оцу зуьдо сецаво хьо! Цунах ваьлча, хьо валарна кхоьруш! Иза хьайна хьан йалийна дицделла хьуна? Цуьнан кучан йух дӏа ца хецалуш лела хьо! Йа цунах йеш хӏума а йелара! Боьрша йоцу тӏаьнчакх! Коӏа!
Гатис, шен буйнара ӏаса тӏехьа а йаьхьна, астагӏ оьккхуш, цхьа гӏулч хьалхайаьккхира. Тӏаккха, меллаша ӏаса цӏенкъа а гӏортийна, вахьийча санна, сецна вогӏавелира. Хорша йеача санна, дего доьлла цӏеххьана бос баьхьна кӏайделлачу балдех бухарниг, цергашна йукъаӏаьвдина, сацийра цо.
– Со боьрша ву-вац хьуна хуур дац, соьца пхийтта шарахь тӏеман дарцала хьийзинчу нахе ца хаттахь, – цергашна йуккъехула схьалиттира цо, оьгӏазлонах къурдаш деш. – И ахь аьлла дош наха соьга ца олуш, кху дегӏа ваьлла со. Аьллачун мотт ас озийна схьа а боккхур бара… Со сакхат винарг герз ду… Ткъа хийла стаг ву, и… меже могаш йолуш, кийра пхьагалан дог доьллина къанвелла. Дика ду, Шахьи, со хьоьца дӏавогӏур ву. Кхузахь ахь сан мел дола до вайшинний, Даллий дика хаьа. Хьо хьолана вукъвелла веха, ткъа со, мацалла ца вала гӏерташ, кадетташ воллу. Хьуна тӏаьхьа а хӏоьттина, дӏавеъча, сайх хин дерг суна шера хаьа. Цхьанхьа кертан маьӏӏехь къен лийр ву. Хӏумма а дац. Мухха велахь а, сан нанас сан дена вина ваша ву-кх хьо. Цхьана цӏийх схьаваьлла. Хьуна аьлларг а, динарг а суна тӏе догӏу. Со хьоьца дӏавогӏур ву, амма хьуна ма-моьтту вогӏур вац… Ас дӏахоьцур дац сайн дех дисина кха а, цо кхиийна беш а… Нагахь хийрачу махкахь вала доьгӏнехь, сапаргӏат лийр ву со. Цхьанхьа сайн даймохк, сайн цӏарах лаьттан коржам йуйла а хууш!
Аравала тохавелла Гати неӏ йиллинчохь сацийра Шахьбис:
– Хьо хьанна бита воллу и хьайн къелг бахам? Кхуьуш кӏентий бу хьан? – элира цо хӏинца жимма кӏедо.
– Цхьа гӏаддайначунна!
– Стуннанний?
– И сан гӏуллакх ду!
Чӏогӏа тата доккхуш неӏ тӏе а тоьхна, араиккхина Гати, шен гӏогӏ текхош, цӏехьа вахара.
Иза цӏа кхаьчча, ворданна ши сту а боьжна, чохь кхача болу таьлсаш йалкханах тесна, майрачуьнга хьоьжуш лаьттара Эсет.
Заӏарехула чувогӏу майра гича, кхерайелира иза. Цо, озийна ойъуш, даьхьна йуьстахтесна зӏар, йуккъехула ког