Тахана къаьсттина хьалхе самайаьлла шахьар. Хӏан-хӏа, тахана пӏераска а йа кӏиранде а дац. Хӏетте а, ӏуьйренца хьалххе дека дуьйлира Сев-Аветарана, Шек-Аветарана, Сурб-Маринэ, Сурб-Киракосан, кхин а килсийн горгалеш. Уьш дӏатийча, ӏалаудди-беян маьждиган момсар тӏера схьахезира моллин сингаттаме деха аз.
Керстанаш а, бусалбанаш а – берриш ламазе оьхура, Нусрет-пашина кхиам боьхуш, Деле доӏанаш дан.
Хӏинццалц базарахь салти гича, Делан ун догӏуш хета мушахой тахана белабелла-бекхабелла дуьхьалкхетара царна.
Шахьаран базарахь бара маьӏ-маьӏӏера нах – Сасунера, Багэшера, Ванера, Хнусера, Эрзерумера. Мушана гонахарчу йарташкара баьхкина ахархой а.
Хезара маьӏ-маьӏӏера маьхьарий:
– Мерза хьорматаш! Мерза хьорматаш!
– Кишмиш эца! Мушахойн кишмиш!
– Газпа дезарг схьавола! Сэв-Сарера газпа!
Базарахула буьйлабелла лелачу дошлошна маьхза лора стоьмаш, хасстоьмаш. Лелаш лаьтташехь цара чухьерчадора тандырашна чохь деттина, тӏе моз хьаькхна, кишмиш тесна чоме хьокхамаш.
Килсийн горгалийн гӏовгӏаной, мозгӏарийн а, молланийн а доӏанаший Деле воьхуш де делкъенга долучу хенахь, цхьа эзар дошлочуьнца шахьарара аравелира Эмин-паша. Важа дошлой а, шена гӏоьнна кечвелла эзар мушахо а цкъачунна шахьарахь витира цо. Оьшуш меттиг хилахь, шок ма-туьйххи тӏаьхьабахка кийчча.
Пашина уллохь хьаргӏачу динахь вогӏура ӏуспанан Сайдулла. Цаьршинна иттех гӏулч тӏаьхьавогӏучу масех эпсарца вара Шамхалбек а, Хьабиб а.
Кхоьлина гора Сайдуллин вуьшта а буьрса йуьхь. Цунна моьттург ца хили кху гӏуллакхах. Баккъал аьлча, цунна моьттург хили, амма Алхазан Мусас ма-дийццара ца нисдели. Шайл хьалха кхуза баьхкинчу малхбузехьарчу ламанхойн новкъа дӏаоьху хӏорш а. Цара санна, туркошна бераш-м ца духку хӏокхара. Уьш санна, йолах салт-м ца буьйлу хӏорш. Хӏинца цкъа. Тӏаьхьа хиндерг хаац. Изза ца дер олийла-м йац кхара а. Мацалло эхь, йахь, йуьхь а ма йойъу стеган.
Кхуза схьакхаьчча, Эрзерумехь дӏатарвелла Сайдулла. Туркойн цхьана хьолахочуьнгара шахьарна йисттехь йоккхачу бешаца хаза цӏенош эцна цо. Нахерчу халонга хьаьжча, бехаш бу, ала мегар долуш, дӏатарбина цо шен гергарниш а.
1. Газпа - ораматех даьккхина моз.