Амма цуьрриг воккхаве меттиг бац. Карахь дерг дууш воллу, ткъа тӏебогӏу пайда кӏезиг бу. Моьттура, схьакхаьчча туркойн ӏедалхоша, дуьхьалбаьхкина, мара а лелхаш, вадийна вигна, султанна улло кхузахь ша охьахаор ву. Ша хаза дӏатарвелла Муса. Пашин чин делла, туркойн эскаран коьртехь ву иза. Ткъа Сайдулла вац хьехош а. Хӏара аьлла хьаькамалла дац кхуьнга луш. Эцца, нохчашна тӏехьожуш ву боху цӏе а тиллина, сагӏина ло хӏума санна, хене валлал алапа хӏоттийна. Цхьа пхи-йалх эзар нохчо салт валахь, пашин чин делла, церан коьрте хӏоттор ву, боху. Амма Эрзерумехь болчара-м хьеха а ца дайти иза. Хӏинца хуур ду-кх кхузарчара хӏун олу.
Йуьйлинчу тоьпана тӏеваха атта дара Сайдуллина ша ӏехийна схьабалийна, бӏарзбелла хьийзачу оцу нахана тӏевоьдучул. Кхуза-м хӏинца шозлагӏа бен ца вогӏура иза, ткъа Эрзерумна уллехь лаьттачарна тӏехӏуьттийла дукха нислора. Оцу дегӏа валлалц тӏеман цӏергахь кхиъначу цунна дукха гинера ирча ӏожалла. Массо а суьртахь. Амма кхузахь хуьлуш дерш ерчонашлахь а йоккха ерчо йара. Деккъа цхьа хӏума дара цунна маслаӏат дийриг – цунна шена а ца хаьара хӏара хьал кхузахь хӏуттур дуйла. Хиънехь, иза вогӏур а вацара. Ша веача а, нах балор бацара. Дерригенна а бехке ву Алхазан Муса. Цо а боху, ша ӏехийна, шена а ца хаьара…
Декъала да ву-кх Цугин ӏелаха. Шен хеннахь дӏакхелхи. Даймехкан лаьттах воллу. Цхьаннен а неӏалт кӏел вац.
«Ткъа со вуьйжи-кх Делан а, нехан а неӏалт кӏел. Ӏелаха-м, дера, дукха доггах а ма вацара. Цо-м элира, нехан йалсаманел вешан жоьжахати тоьлу вайна. Ас ца вуьтуш лелара-кх миска. Шен цамгарца…»
Ойланаша дӏалаьцначу Сайдуллин тидам а ца хилира хина тиллинчу дечиган доккхачу тӏайх шаьш довлуш. Ца хезира аннаш тӏехь говрийн бергаша ден къора татанаш, ца гира лаха кӏелхула, буркъаш туьйсуш, карзахе гӏовгӏа йеш доьду Мурат-чай а.
«Со хӏунда хӏоьттина, Мусех тешна, цунна тӏаьхьа? Нийса дерг аьлча, со бен ма вацара оьрсашна доггах гӏуллакхдинарг. Доггах делахь а, дацахь а, цара боххург дора-кх ас.