Йа, Тӏелхаг, Ботукъ, Соӏду, Эдал, Эски, Хьамзат санна, дерригенна йуьстаха а ца сеци; йа, къар ца луш, Бойсагӏара санна, ӏожалла тӏе а ца ийци; йа, ӏуммий, Атабий санна, Сибрех ца ваха; йа Солтамурдгӏаьрца а вац. Цхьана хенахь цхьатерра къонахий дара тхо, цара шайн цӏераш ӏалашйи, сайниг хӏинца цкъа-м йожаза йу иза, амма ас ахча эцар нахана хаахь…»
Тӏех а девлла, готта некъ лекхачу шина берда йукъа боьлча, шен дине чабол эцийтира Эмин-пашас. Готтачу новкъахь улло волийла доцу Сайдулла тӏаьхьасецира цунна. Пашин шалхаихна стомма лаг, аьтту агӏор таӏош тиллина цӏен пес, говран йортаца кхийсало песан кӏужал, маьлхан зӏаьнарша шуьйрачу белшаш тӏехь ловзо хьесан кӏужалш йайча, цӏеххьана дуьненах догделира Сайдуллин.
«Мила ву со кхузахь? Оцу хьакхин лай ву-кх. Цо аьлларг дан кхузахь – туркойн йалхо. Ванах, иштта даха деза-те тхо абаде абаделлац? Мухха делахь а, цӏахь тоьлура…»
Уьш туьпа тӏе кхочуш, говрахь дуьхьалвеара къона нохчо.
Пашас жоп ца делира цо хаьттинчу маршаллина. Бендоцуш, ши бӏаьрг хьалха а боьгӏна, говрахь, тӏулгах воьттича санна, меллаша туьпа йуккъехула дӏаоьхура иза. Туьпа боьлча, къамелаш тийра тӏаьхьабогӏучу эпсаршний, салташний йуккъера. Уьш акъбевлла дӏасахьуьйсура. Бӏаьргашна хьалхахула чекхйуьйлура тоьланаш, лаппагӏнаш, отеш, баннаш. Махой, малхой, йочанаший басайаьхнера царна тӏейиттина хӏуманаш: истангаш, хьардаш, диттийн гӏаш. Оцу мискачу хӏусамашна хьалха йукъ-йукъа гора меллаша суьлхьанаш дохуш йа уьрсаца гӏаж цоьстуш ӏен къена стаг. Баьлла корта, дукха хенахь дуьйна шарйаза, модаша йуьзна маж. Бовха малх хьаьжна гуьйренан декхна де делахь а, кетарх хьаьрчина ӏа иза. Кхиверг тевжина ву йа ламаз деш воллу, йа и декъаза шен хӏусам тойан гӏерта.
Зударий бу тӏелхигаш летош, берийн бедарех, кортойх хьуьйсуш, шайн-шайн хӏусамашна хьалха девзигаш хьоькхуш.
Диканехь а, бохамехь а шайниг ца дуьту бераш ду кхузахь а ловзуш лелаш. Ирахь леларш хьовха, хевшина а муха ӏало-те аьлла, гӏийла ду и адамаш. Можий йаххьаш, чекх са а гуш, буьхьигаш ирбелла марош, хьех чуэгна бӏаьргаш, баккъашна тӏехевшина пханарш, чӏораш санна, йуткъайелла настарш, пхьаьрсаш…