Хӏетте а, дахарх тийсалуш бохку. Цӏена ду туьпахь. Йац нехаш, ца йогӏу хьожа.
Эмин-паша реза ву. Тийна ду туьпахь. Цо ӏуьйранна каймакам хьажа ваийтинера кхуза, ша кхачале низам хӏотто, адам гулдан.
– Ас омра динера, божарий цхьанхьа гулбе аьлла. Мичахь бу уьш? – хаьттира цо дуьхьалвеанчу къоначу нохчочуьнга.
– Хьан омра кхочушдина. Дӏога, кешнийн гу тӏехьарчу ара, паргӏате гулбелла нах, – жоп делира вукхо гӏумкийн маттахь.
Сайдуллина го пашина цагург. Хаьа, и къена нах, зударий арахь хевшина а, гӏуллакхаш деш а хӏунда ӏа. И мацалла мажделла бераш ловзуш хӏунда лела. Хаьа, Эмин-паша шен дошлошца Муш-шахьаре ма-воьссинехь, кху туьпа хабар кхаьчнийла, герз каралаца ницкъ болу массо стаг, зуда, бер лата кечделлийла. Хаьа, шайн баннашна хьалха хевшина гӏуллакхаш деш ӏачу баккхийчу нехан, зударийн, ловзуш лелачу берийн бӏаьрг шайна тӏебоьгӏна буйла а, оцу туьпахь, хьаннаша букъийначу оцу ломан орцаца къайлабаьккхина тӏеман ницкъ хир буйла а.
Цунна дика вевзара Аьрзуй, Маккхаллий.
Уьш тӏехбевлира ломан когашкахь жагӏанечу гух долчу нохчийн кешнашна. Даккхий а, кегий а баьрзнаш. Масех бӏе. Коьрте хӏиттийна кегий тӏулгаш, дечигаш. Цхьа а кечдина чурт дац…
Цаьрга веха ца хьийжира Сайдулла. Гуш санна хетара мацаллой, махкаллой, даймахке сатийсарой дагна биначу балано хеназа кхалхийначу оцу адамийн гӏаларташ. Иза ву церан ӏожаллина бехке. Иза. Ӏуспанан Сайдулла. Цо бира Алхазан Мусица барт. Цуьнгахула ахча а ийцира. Оцу ахчанах бартахой а ийцира. Цаьргахула эладита а даржийра. И дерриг нахана хууш хилча…
Нагахь мацца а цкъа иза гучудалахь…
Иза гучудер ду. Цхьанна дина дика а, зулам а цуьнца ле. Амма дийнначу халкъана динарг дицлац. Эзарнаш шерашкахь деха. Хӏунда аьлча халкъ леш дац.
Сайдуллина ца хаьара шен ши бӏаьрг мича хьур бу. Хӏетта сирйала йоьлла ӏаьржа маж некха тӏехь шалха а кагйеш, охьабахара цуьнан корта. Говран кхеса тӏе богӏабелира бӏаьргаш. Амма, мичча хьаьжча а, дуьхьалхӏуьттура и адамаш, хезара цара кийрахь къайладаьхна узарш…
Гух дӏахьаьвзича, Эмин-пашина хьалха инзаре сурт хӏоьттира. Йуькъачу хьаннаша хьулбинчу ломан когашкахь шуьйра аре дӏалаьцна лаьтташ дошлойн эскар дара.