Шун тхьамданийн, динадайн дехарца кхуза веанчу Муса-пашас цуьнан возалле султане дехар дира, оцу балех хьалхадохуш, шу тӏелацахьара аьлла. Бусалба къаьмнийн паччахьо цуьнан возалло ӏабдул-Межида дош делира, дуьненан муьлххачу маьӏӏехь уьш белахь а, бохаме нисбеллачу шен динан вежаршна орцахвалар Дала шена тӏедиллина декхар ду, ша реза ву нохчий тӏеэца а, шен махкахь дехачу адамашка нисбеш, кхузахь уьш баха ховшо а аьлла.
Пашина тӏетовш делахь а, йа ша ладугӏуш ву бохург делахь а, шозза-кхузза корта таӏийра Маккхала.
– Ша делла дош кхочушдеш, цуьнан возалло султано шуна мохк къастийра кху малхбале агӏор, шуна хӏусамаш а кечйира. Амма оьрсашна лаац шу Россин дозанашна гергахьа совцийла. Цаьрца шен йукъаметтиг ца йохо, цуьнан возалло султано шуна Диарбекирна дехьа кхин мохк къастийна. Бутт сов хан йу тхан ӏедало, цига дӏагӏо бохуш, шуьга дехарш ден. Амма шу хӏинца а кхузара меттах ца девлла. Цул сов, аш талораш до кху гондӏа. Шозза тӏелатарш дина аш Муш-шахьарна. Шу кхуза кхаьччахьана, буьйсанна маьршша охьабийша йишйоцуш бу кху шина виллаетера нах. Цул сов, кхуза цхьана меттехь ткъех эзар адам гулделча, царна йукъа цамгар атта йаьржа, адамаш ле. Шуьгара ун даржарна кхерам бу махка. Шайн аьтто боьхначу дийнахь, хӏаллакьхила йа керста дине дерза шайн кхаж баьллачу дийнахь, шаьш кӏелхьардаьхначу цуьнан возаллин султанан беш хама бац шун, шаьш тӏе а лаьцна, шайца рицкъа доькъучу кхузарчу нахана аш олу баркалла уьш талор, байъар ду. Кху махкахь шу дӏатардаран гӏуллакх суна тӏедиллина цуьнан возалло султано. Ас жоп дала деза шун синойх а, аш диначу диканах, зуламах а. Нийсса кхо де далале хӏара меттиг дӏацӏанйан йеза аш.
Эмин-паша вист ца хуьлуш дӏатийча, хаттар деш цуьнга хьаьжира Маккхал.
– Паша-эфенди дийцина ваьллий?
– Ваьлла.
– Паша-эфенди цхьана агӏор бакълоь. Оьрсашца бехха лаьттинчу тӏамо ах хӏаллакдина тхан къам. Дийна биснарш халачу хьолехь бу. Царна керста ӏедална кӏелсовца лаац. Кхоьру, шайн махкара дӏадаьхна, Сибрех а дигна, керстанашна йукъа а даржийна, бусалба динах хаьдда, даймохк, къам доцуш шаьш дарна. Цундела хилла хӏара нах схьакхалха реза. Хаац, Алхазан Мусас шун паччахьца муха дийцина, амма тхан къомо векалвина цхьаннахьа а ца хьажийна иза.