Ӏабдул-Межидера ду бохуш, нах кхуза схьабоьхуш, кехаташ цо даржийра тхан нахана йуккъе. Оцу кехат тӏехь дара, кхузахь тхуна къастийна уггар тоьлла мохк бу, деш цӏенош ду, дуьйчу хӏуна, дуу-молучунна сагатдан ца оьшу, оха, тхешан вежарий санна, дезаш тӏеоьцур ду шу бохуш. И кехаташ тхуна йукъадаржийнарг хӏара Сайдулла вара. Цхьаболу нах, оцу кехатех тешна, схьабаьхкира. Кхузахь мукъа а шайна маршо, синтем карор бацара-те аьлла. Амма, схьакхаьчча, нахана хиира шаьш гӏалатдевлла хилар. Тхоьга мостагӏаллица хьуьйсу кхузахь. Тхуна хьехийна йалсамани де дийне мел дели жоьжахате йоьрзуш йу. Тоххара чекхдаьлла оха тхайца схьадеана рицкъа. Адам хӏаллакьхуьлуш ду. Аш бӏе стагана лерина ло рицкъа царах эханна саласттал а ца хуьлу. Мацаллой, цамгарой кӏелдитина адам дарделла. Дегнаш акхадевлла. Цара бекхам лоьху. Дерриг дуьне бехке до шайгарчу балина. Ткъа кху ӏазапан гуш йист йац. Кхо де далале хӏара меттиг цӏанйе, боху ахь. Муха?
Дошлойн полкашка бӏаьрг бетташ ӏачу Эмин-пашас, схьа а ца хьожуш, кхоьссира:
– Шайна билгалбинчу махка тӏе дӏадаха деза.
– Нах реза бац цига баха.
– Хӏунда? – Маккхалехьа схьахьаьвзира Эмин-паша.
– Цигара мохк берзина, йекха бу. Токхечу лаьтта тӏехь кхиъна тхан нах цигахь лийр бу.
– Шуна хӏун моьтту, шайна уггар тоьллачуьра хадийна мохк лур бу моьтту шуна?
– Иштта аш тӏе-м лаьцнера.
– Шуна хьалха цхьа а тӏелацам ца бина оха. Цуьнан возалло султано дийцарш оьрсийн паччахьца дина.
– Ткъа тхо схьакхойкхуш долу цуьнан кехат?
Эмин-паша, бӏаьргаш къарзийна, Маккхална тӏевогӏавелира:
– Ахь дуьйцург хӏун кехат ду? Цхьа а кехат ца йаздина цо нохчашка. Шуна йуккъе даржийна кехаташ харц ду. Оьрсийн хьаькамаша, султанан цӏарах йаз а дина, шуна йукъадаржийна.
Маккхаллий, Аьрзуй цецваьлла Сайдуллега хьаьжира.
– Вай кхоьллинчу Делора, суна хууш ма дац и кехаташ харц-бакъ хилар! – воьхна хьаьвзира Сайдулла. – Соьга Алхазан Мусас деллера уьш, ткъа цунна мичара девллера суна хаац.
– Ткъа Алхазан Мусас шуьца бина барт? – хеттарш дора Маккхала, цхьана хӏуманах шекваьлла, дуьхе кхиа гӏерташ. – Иза-х хиллий кхузахь?
– Хӏаъа, цуьнца барт хилла. Хилла оьрсийн паччахьца а. Цигара шайн лаамехь