– Хӏинцца больнице охьавижина, сихха дарбанаш ца леладахь, цамгар генайер йу, – йукъагӏоьртира йоӏ.
Мансура ойла йира. Дех дага а велира.
– Хӏан-хӏа, гӏуллакх хир дац цунах. Воккхачу стагана хаьа шен цамгар кхераме йуйла. Кхузахь сацахь, ши де дӏа ма-деллина ца воллахь а, товелла, больницера ара ма-веллинехь, чувуллур ву ша боху. Тӏаккха а лийр ву набахтехь. Тхойша шина дийнахь дӏакхача веза. Караташехь больнице охьавуьжур ву иза. Шен болх Делан кара буьллу ша, боху.
– Ас тӏелоцу, товелча, иза чу ца воллийта. Хьалагӏатта ший а, – дехар дира къоначу стага.
Хӏинца Мансур велавелира.
– И хьан карахь гӏуллакх дац. Баркалла шуьшинна! Шу-м тхойшинна гӏо дан гӏертара. Амма, шуна мел чӏогӏа лаарх, хӏара ши де дӏадаьлча, тхойшиннах жоп далалур дац шуьшинга.
Шаьш бохург ца хуьлий хиъча, йуьстах а даьлла, дехха къийсира цаьршимма. Тӏаккха йуха а тӏедеара.
– Тховса мичахь ӏийр ду шу? – хаьттира стага.
– Хаац. Дитахь, чайхана чохь ӏийр ду, ца дитахь – кхузахь ца ӏийча а девр дац.
– Вася, цаьршингахь ахча ма дац, – элира йоӏа, шен накъостан лере а таьӏна.
Вукхо, шен массо кисана куьг а ӏоьттина, цатам хилла корта хьовзийра. Тӏаккха кхушинна маслаӏат деш, хаза къамел а дина, дӏадахара и шиъ.
Тховса йуучунна а, буьйса йаккха меттигна а цхьа таро йан дезара. Цуьнан ойла йеш, даьсса таьлсаш, хьарчийна, пхьаьрса кӏел а доьхкина, йуьрта йуккъе кхаьчча, Мансур таьлсаш эца стаг лоьхуш лелара. Эххар а, чайхана уллохь цхьана жимачу цӏелаг чохь болх беш волчу мачийн пхьеро, дуккха а мах къийсинчул тӏаьхьа, пхеа туьманах дӏаийцира цуьнгара уьш.
Пхи туьма. Гӏаймакх санна, буткъа, куьйгал боккха узбекийн ши хьокхам богӏу цунах. И шиъ-м буур бара цаьршимма, тӏаккха буьйса йаккхарна хӏун дан деза? Кхалла хӏума нисйалар а ду доккха хӏума. Мансурна цамоьттинчу тайпана дика мах хили цунах. Таьлсаш а дацара вон. Цӏеначу тӏергӏан, цӏен, можий, ӏаьржа а мохарш йолуш, даккхий цӏена таьлсаш. Дӏабели Мансуран ненан тӏаьххьара безам а.
Мачийн пхьеро шега делла кегийра ахча дагардеш воллучу Мансуран белша тӏе кӏоршаме куьг диллира цхьамма. Хьалахьаьжначу кӏантана гира шена тӏе оьгӏазе ши бӏаьрг а боьгӏна лаьтта кортахь сийна фуражка а, белшаш тӏехь майоран погонаш а йолуш ӏаьржачу аматахь, векъана, лекха узбек.