– Документаш! – элира цо Мансуран белш а ӏовдуш.
Мансура, шен четара ден бумаьждиг схьа а йаьккхина, цу чохь шалхатоьхна ӏуьллу шайн бакъо майоре дӏайелира… Ткъа вукхо, тӏе а ца хьожуш, иза шен киталан хьалхарчу кисана йоьллира.
– Кхузахь сацалахь, со араваллалц, – Мансуре омра а дина, чайхана чу вахара иза. Майоре хьоьжуш вехха арахь хӏоьттина а лаьттина, иза аравериг хиларх дог а диллина, цунах хилларг хаа а, кхаллар а эца дагахь чайхана чувахана Мансур, ша чоьхьаваьлча, кхин дӏагӏорта озавелла неӏарехь сецира. Паргӏат чай муьйлуш, кӏедачу гӏайбешна тӏе ах дӏа а тевжина, ӏуьллура майор. Беркъа, тиша неӏарх чоьхьаваьллачу Мансурна тӏехь сецира чайхана чохь болчу нехан тидам. Цхьанхьа го а бина хиъна ӏачу иттех стага, шайна тӏе а кхайкхина, хеттарши дира цуьнга. Тӏаккха массара а, кхоккха, пхиппа сом тӏекӏел а тоьхна, Мансуре ахча кховдийра цара. Мансура дуьхьалойира.
– Дӏаэца, дӏаэца, – бохура къеначу узбеко. – Сагӏина лург дӏа ца эцча, эхь ду тхан нехан. Хьайн да схьавалавай, шаьшшинна йовхха хӏума а йаий, кху чохь буьйса йаккха.
Ахча схьа а эцна, царна баркалла а аьлла, аравала кечвеллачу Мансурна улло хӏоьттира хьалхалера майор. Цуьнца вара ткъе пхийтта-шовзткъа шо хенара цхьа узбек а. Дехьо нахаца чай молуш хиъна ӏен цхьа стаг шена тӏе кхайкхира майора.
– Алимжанов, схьавоьл цкъа. Дӏога тӏай кӏел хиъна ӏаш кхин а цхьа къена чечен ву хьуна. Кху кӏентан да. И шиъ а, хӏара стаг а – хӏорш кхоъ со волчу дӏа а вигий, дежурнега дӏало, –Мансур а, важа узбек а хьалхатеттира майоро. – Со хье ца луш дӏавогӏу ала.
Мансур а, важа узбек а хьалха а ваьккхина, тӏай долчухьа дӏаволавелира Алимжанов.
«Хӏан, хӏинца дӏадоладели хьуна хӏара, – догдуьйхира Мансуран. – Дада тӏай кӏел вуйла а хиъна. Цхьамма дӏааьлла-кх. Йуха а лем[11 - Лем – допрос], йаппарш… Дуьхьало йан цхьа жимма а ницкъ а хилла, шух летта ца велча, дош ма дацара хӏара…»
Суьйре шийло йара. Цул сов, хин тогӏица шийла мох хьоькхура. Голаш мере а оьзна, суьлхьанаш хьийзош хиъна ӏара Мата. Уллохь даржийначу газета тӏехь ӏохкура цхьа буханка кӏайн бепиг а, ах кийла хиллал налха а, цхьа литар догӏу шиша дуьззина шура а, йакъийна кишмаш а.