Цецваьллачу Мансуран ши бӏаьрг къаьрзира. Дийнна бахам бара цунна гург.
– Хӏорш мичара йевлла хьуна, дада?
– И ши оьрси хӏорш йохьуш йухадеара. Итт туьма ахча а делла вайшинна. Схьа ца эца гӏиртира со, амма и шиъ къар ца делира. Чайхане а гӏой, цигахь хӏума а йааий, буьйса йаккха, бохура…
– Буьйса йаьккхина вели моьтту суна вайша, – доккха са даьккхира Мансура.
Доллучух а кхетта Мата, вевзаш воцчу шина стаге бӏаьрг а тоьхна, шен Далла гӏуллакх доӏица дӏа а дерзийна, суьлхьанаш кисана а тийсина, куьг лаьттах а гӏортош, хьалагӏеттира.
…Поппарх чир йуттуш йиначу лекхачу баролан гӏопан готтачу неӏарх чекх а ваьккхина, вигна, цхьана ширачу даккхийчу цӏенойн неӏарехь хӏорш кхоъ а витина, чувахана Алимжанов, шеца милцо а валош сихха ара а ваьлла, хӏорш цуьнга дӏа а белла, дӏавахара.Ткъа милцочо, дежурки чу а бигна, охьаховшийра.
Цхьадика, дукха хье ца луш схьавеара майор. Милцочо цунна сийдаларх а, ткъа вукхо цуьнга ларамаза дешнаш кхиссарх а Мансурна хиира майор кхузахь коьрта стаг хилар. Шен кабинете а ца воьдуш, кхуззахь, дежурки чохь, гӏуллакх къасто вуьйлира иза. Лем кхушиннан накъостна тӏера дӏаболийра. Майоро хаттар дича, хьала ца гӏоттуш хьевелира узбек. Амма вукхо цӏогӏане тоьхначу маьхьаро хьалаэккхийтина иза, ӏад санна, вулавелла хӏоьттира. Оцу цхьана шарахь меттигерчу къоман меттанех гӏеххьачул кхеттачу Мансурна хиира и шайца валийна узбек оцу областан кхечу районера хилар а, иза шен йиша йолчу Заркенте воьдуш хилар а, цуьнгахь цхьа а тайпа документаш цахилар а. Маьттаза дешнаш йукъа а далош чехавора иза майора. Амма важа дуьхьал вист ца хуьлура. Майор цхьа хӏума аьлла шена тӏечевхича, шен йукъах дихкина гата дӏа а даьстина, гата кара а лаьцна, ши куьг дегӏаца охьа а дахийтина, малвелла дӏахӏоьттира узбек.
Тӏаккха, хьала а гӏеттина, тӏекхоссавеллачу майоро цхьа къиза катоьхна некха тӏера халат шен буйна а хьовзийна, дӏаластийна, пенах корта а кхеташ, соне аркъал туьйхира иза. Цуьнан четара охьадуьйжира муьлххачу а узбеко даим а шеца лелош хуьлу церан къоман урс. Схьахетарехь, оцу стаге шен кисанара хӏуманаш схьайаха бохуш хиллера майора. Урс гича, кхин тӏе а карзахваьллачу