Больницешкахь цомгаш ӏохку нохчий, мехий детташ байъина. Кавказера схьа оцу бехачу некъаца даьӏахкаш ӏохку байъинчу, беллачу нохчийн. Дийнахь-буса, цкъа-шозза эшалон сацош хилла цхьанхьа йаьссачу арахь. Нах нишка бовлийта. Эшелонна итт метр генаваьлларг вуьйш хилла. Зударийн сий до, зударшна хезаш цкъа а маьттаза дош ца аьлла оьзда нохчий, лаьтта бӏаьра а богӏалой, шайн гӏуллакх дан охьалахлуш хилла. Зударий а, божарий а. И эхь тӏе ца лаца, ара ца бовлуш, ахкаргаш лилхина белла дукха зударий. Дийца воьлча, дукха ду уьш. Ткъа ахь оцу эскарна тӏера кад мала боху! Дависарг-йаӏ, ӏедало шена тешнабехк беш буйла цхьа де хьалха хии делара сан халкъана! Хиънехь, тахана тхо кхузахь хир дацара. Тхан махка тӏера цхьа салти а дийна аравер вацара, йа тхо дерриг цигахь делла хир дара!
Мария Петровнас чай доьттира. Пиали чохь накхаран моз а хӏоттийра.
– Изза хьал ма хӏоттийна миллионаш адамашка… Кулакаш бина, махках баьхна а, бехк-гуьнахь доцуш лецна а…
– Хӏан-хӏа, Николай, тхан халкъана тӏехь санна, харцо ца лелийна цхьана а халкъана тӏехь. Дуьне кхолладелчхьана. Ас йуха а боху хьоьга, кулакаш бинчийн, лецначийн, байъинчийн шайн даймохк, оцу даймахкахь доьзалш, гергарнаш бисина. Шен хан йаьккхича валаза висинарг царна тӏе вухавирзина, йа воьрзур ву. Тхоьгара даймохк дӏабаьккхина. Тхан халкъо эзарнаш шерашкахь кхоьллинарг хӏаллакдина. Тхоьга тхешан халкъан истори, мотт, культура а йицйайта, тхан синкхетам дӏабаккха, тхо эсах даха, дуьне мел ду даржийна!
Николай Кузьмич, чай шена хьалха а оьзна, бепиган цастарна тӏе моз хьакха вуьйлира.
– Иштта хир дац иза, ӏалха. Харцонаш лелла вайн махкахь. Иза шеко йоцуш ду. Амма, тӏом чекхбаьлча, дерриг къастийна, нисдийр ду. Шу а доьрзур ду шайн даймахка. Тахана цкъа хала а, чолхе а зама йу хӏоьттинарг. Шун халкъан исторех цхьадерш хаьара суна. Аш бӏешерашкахь шайн къоман маршонехьа а, тӏаккха советан ӏедалехьа а латтийна турпала къийсам. Хӏинца тӏекхоьллинчу эладитанаша тиларчу вигнера со. Ас дукха ойла йора, хӏунда даьккхина и халкъ махках? Со санна, кхетар ду вайн махкара халкъаш. Шуна бехк-гуьнахь доцуш къиза таӏзар динийла хиъча, цара а шуьгахьа гӏо доккхуш, аз ойур ду.