ӏалхас цавешаш куьг ластийра.
– Россерчу халкъийн аз дан а дац. Хилла а дац цкъа а. Даима кхоьруш, даим кхерош, лоллехь латтийна. Шайна тӏехь мел йоккха харцо, къизалла латтайарх, дуьхьало йан а ца даьхьаш. Ша маьрша а доцуш, маршо йаккха гӏоьртина халкъ шен цӏийла а карчош… Революци хилале хьалха шина бӏе шарахь паччахьан эскарша тхан йарташ йагош, тхан зударий, бераш, къена нах хӏаллакбеш, тхо махках дохуш туркойн махка а, Сибрех а хьийсош, бендоцуш хьуьйсуш ӏийна Россера къаьмнаш. Шайн йоцу маршо йаккха гӏертарна, шайгахь доцу доьналла цаьргахь хиларна, нохчий ца безна цхьана а къомана. Цундела, цкъа а цхьана а халкъера гӏо а ца хилла нохчашна!
Мария Петровнас чиркх латийча бен ца хиира ӏалхина ша кхузахь дуккха а хан йаьккхинийла. Хӏинца хӏокху цӏемзачу буса йалх километр гена гӏаш дӏаваха везара. Шелделла шен чай дӏа а мелла, хӏусамдайн ӏодика а йина, араваьллачу цуьнан йуьхьа дуьхьал шийла мох а, тӏуьначу лайн дарц а кхийтира…
(1960–1962 шш.)