деятельш хӏаллакбина! Гойтуш бехк а боцуш, йинарг кхел а йоцуш! Иза а гӏалат хилийтахьа. Цхьанна, иттанна, бӏенна, эзар стагана тӏехь кхел йеш а, валийтахьа гӏалат. Ткъа – масех халкъана тӏехь кхел йеш, уьш махках дохуш? Иза дуьххьалдӏа къиза, зуламе акт ду.
– Коля! – мохь белира Мария Петровнин. – Доьху хьоьга, хьайн ойланаш хьайн коьртехь совцор! Со а ма кхета дерригенаха. Вайшиннал лакхахь болчеран а ницкъ ца кхаьчна и харцо сацо. Ахь ма-аллара, эзарнаш адамаш хӏаллакдина, халкъан мостагӏий бу бохуш, цӏераш а техкина. Хьанна хаьа, иштта, хьо санна, кху харцонашна резабоцуш, бакъонна тӏегӏертарна хӏаллакбина хила тарло уьш а. Ткъа могӏара ши коммунист, йуьртарчу школан хьехархо а бен доцчу вайшинга хӏотталур йац дуьненахь нийсо. Амма вайшиннан ойланаш цхьанна хаахь, вайша тӏепаза-м дойъур ду.
Зудчо дуьйцучуьнга ла а доьгӏуш, готтачу цӏа чохь дӏасахьийза Николай Кузьмич, цӏеххьана саца а сецна, цунна тӏевирзира.
– Хӏан-хӏа, Маша, вайша тӏепаза дайъалур цаьрга, – тӏаьххьара дош кхечарах къастош элира цо. – Вайша саннарш миллионаш бу! Цхьа де догӏур ду, вайн урамехь а дезде хуьлуш. Хено гойтур ду, хиллехь – гӏалаташ а, йинехь – йамартло а. Ленинан идейш йехар йу, дуьнен чохь адам мел деха. Ткъа хӏинца, дехьа чу а гӏой, оцу шина зудчун догъэца.
Гобаьккхина лаьмнаш долуш, тогӏехь, шина республикин дозанаш къаьстачохь, нийсачу экъанна тӏехь нийсачу урамашка йоькъуш йиллина йурт йу. Дукха хан йац иза йиллина. Урамашца дийгӏина гӏаргӏанаш хӏинца а шайн къоначу хенал тӏех ца девлла. Иштта къона ду бошмашкара стоьмийн дитташ а. Кхо-диъ шо хан йелахь, кхин хан йац цара стом ло. Хаза кхиа йоьлла бошмаш, толуш лаьтта урамаш, цӏенош.
Иза хӏокху ламанан районан центр йу. Кхузахь бехаш нохчий бац, амма дийнахь ган тарло гондӏарчу йарташкара меллаша гӏаш, нисйелча –ворданахь кхуза схьаоьху нохчийн зударий, божарий, бераш.
Хӏокху йуьрта хӏинца шозлагӏа веана Муса. Амма, цуьнга къа а ца хьоьгуьйтуш, цунна атта карийра кхузахь больница. Иза хетта кӏорггера мотт ца оьшура. Больницин цӏе йаьккхичхьана, муьлхха а кхетара оьшучух. Хӏинца иза лаьттара тӏулган лекха бух буьллуш, йехха йиначу кӏайчу