гӏишлон дуккха а корех шинна роггӏана тӏехӏуьттуш. Цӏийнан тхевнна тӏетоьхначу эчигна, дайн татанаш деш, тӏедеттара догӏа. Тхевнан маьӏигашкахь охьаӏенара чахчарешна чохь ӏаьӏна догӏанан хи. Тӏадийна шелвелла Муса, хорша йеача санна, вегавора, амма цунна шело ца хаалора.
Дехьо корехь хӏоьттина лаьтта кхин а цхьа нохчо, коран ангалина тle а теӏаш, чӏогӏа мохь бетташ, чохь волчу цомгашчуьнца къамелдан гӏерташ воллу. Мусана вевза иза. Покровскера ӏалха ву иза. Тӏом болабалале хьалха школехь хьехархо хилла ӏалха. Фронтера нохчий цӏа бохкуьйтуш, иза Покровске веача, цунна дуьххьара тӏекхаьчнарг Муса ву. Хӏетахь ӏалхина тӏехь эпсаран духар дара, некха тӏехь цхьа орден, шиъ мидал а йолуш. Хӏинца цунна тӏехь эпсаран чоа ду, тӏехула шуьйра доьхка а дихкина. Коьртахь лергаш долу куй, когахь – хохолаш[2 - Хохолаш – бӏегӏаган мачаш]. Амма чоин белшаш тӏехь погонаш а, куйна тӏехь седа а бац. Цул воккха цхьа ваша Сталинградна уллохь вийна. Хӏинца уьш кхоъ ваша ву. Массо а зоьртала, могаш, догдика. Покровскехь болх ца нисбелла, шен вежарийн доьзалшца ломара, колхозан ферме балха вахара иза. Цундела уьш, дукха гӏел ца луш, хене бовлуш бу. Бакъду, дукха хан йоццуш цомгаш хилла, кхуза больнице валийна цуьнан къена да. Цунна тӏаьхьавеана хир ву ӏалха.