Зану, саца а сецна, жоп доьхуш, Хелипате хьаьжира. Хелипатна гира оьгӏазаллех буьзна богу Занун ӏаьржа бӏаьргаш, йолчу тӏе а макхйелла йуьхь, хорша йеача санна, йего чӏениг, вовшехйеттало цергаш.
– Хаац, Зану. Суна хаац… Кха тӏе а йахана, нийсса цӏа йан а халла хууш къанйеллачу суна ца хаьа хьуна жоп дала. Хьуна дешар хаьа, ӏедалан балхана йуккъе а гӏиртина. Сол хьекъал долуш хир йу хьо.
Маржа дуьне йаӏ-кх! Дӏа мел боккхучу кого, олучу дашо карлабоху-кх генара Даймохк, ирсе кьоналла!
«Хьуна дешар хаьа, хьо ӏедалан балхана йукъа а гӏиртина…»
Карладийлира йуьртарчу школехь доьшуш ӏийна шераш, Маилца цхьаьна ворхӏ класс чекхйаккхар. Ша йуьртан библиотекехь болх бина ши шо. Дуьххьара йуьртахь вовшахтоьхна исбаьхьаллин цхьаьнакхетаралла, Соьлжа-Гӏалахь нохчийн театран сцени тӏехь шаьш концерт хӏоттор; «Ленинан некъ» газетнн йоьалгӏачу агӏон тӏехь зорбатоьхна ша а, Маил а цхьаьна хелхадолуш даьккхина сурт; шайн коллективан кхиамех лаьцна радио чухула дуьйцуш, доккхадеш дог детталуш, ша ладегӏар. Хӏетахь… хӏетахь – и шиъ къона дара… Занун йалхитта шо, Маилан – ткъайасна шо. Хӏетахь тӏом бацара, адам маьрша дехара, хӏораннан а бешахь йара ирсе бӏаьсте. Хьанна хаьара, хьанна моьттура…
«Гур буй-те йуха Даймохк? Гур дуй-те кхин нохчийн маттахь газета, книга?… хезар дуй-те радио чухула ненан маттахь къамел? – хоьттура цо ша-шега, бӏаьргех оьху дуьра хиш дӏа а хьоькхуш. Ткъа Маил тешна ма вара тхуна тӏехь хӏоттийна хӏара хьал Сталинна ца хууш, иза ӏехийна, хӏоттийна хиларх, дерриге ма-дарра шена и хиъча, цо тхо тхешан махка дерзориг хиларх… Ткъа Маила цкъа а ца олура харцдерг…».
Зану тешара мацца а цкъа шаьш дай баьхначу лаьтта тӏе доьрзург хиларх. Хӏораммо а санна, цо а шаьш новкъа девр долу денош дохкура. Новкъа йогӏуш цхьаьний пхи-йалх машина гича, станцешкахь йаьсса лаьтташ цӏерпоштан вагонаш йара аьлла хезча, хӏор а дог теший хуьлура уьш шаьш дӏадига кечйина хиларх.
«Хӏаъ, тхо-м, дийна диснарш-м, мацца а цкъа цӏа доьрзур ма дара, – ойла йора Занус, – Даймахке са а туьйсуш, цуьнга а кхойкхуш, кхузахь лаьттах баханчийн къа ду-кх. Маил, сан хьоме Маил, хьо суна хир вац-кх…»
Оццу цхьана ойланаша дӏалаьцна ши зуда кхин вовшашка йист ца хилира йуьрта йоллалц.