Кхоьлина деана де къаьсттина а сингаттаме хуьлура Николай Кузьмична. Йочанца цхьаьна лаза йолура цуьнан хадийна ност. Лазарша карладохура тӏеман хьалхара буьрса денош.
Немцойн фашисташа, тӏе ӏожаллин дарц детташ, хӏаллакдора машаре адамаш, сийначу цӏарах йогура йарташ, гӏаланаш, адамо эзарнаш шерашкахь кхоьллинарг…
Хьомечу Украинин латта мостагӏчунна а дуьтуш, дегнаш къуьйлуш, малхбалехьа йухадийлар. Цаьрца цхьаьна, шаьш иттаннаш шерашкахь гулбина бахам а буьтуш, малхбалехьа уьдура фашистийн олаллин а кӏел совца ца луу зударий, бераш, къенаниш.
Эххар а – Волга-хин бердаш. Кхин дӏа йухадовла бакъо йац! Кхузахь Толаман Де тӏекхачале, минометан снарядо аьтту ност оту…
Эзар исс бӏе шовзткъе шолгӏачу шеран берхӏитталгӏачу ноябрехь цӏен бос а богуш, элдарчу дегӏахь, каде, самукъане хилла гвардин капитан Бороденко шолгӏачу дийнахь дуьйна тӏеман гӏуллакхна пайденна хуьлучуьра дӏавелира гуттаренна а.
…Йеха санитарни цӏерпошт. Йуккъера Ази. Ташкент, кхузахь госпиталехь – кхо бутт…
Госпиталера протезций, ӏасанашций араваьлла иза хӏетахь дуьйна ву кху гӏиргӏазойн лаьмнашкахь. Столыпинан заманахь кхуза кхелхинчу украинцаша йиллинчу йуьртахь болх беш вара. Йуьхьанца – историн а, географин а хьехархо, тӏаккха – ишколан директор.
Хьанна моьттура, хӏара дахар иштта хаьрцар ду. Ткъа цуьнан сатийсарш, дахаран ӏалашонаш?
Карлайелира ша Киевски университетан исторически факультетехь доьшуш хилла хан. Хӏетахь цо шен дахарна хьалха йаккхий ӏалашонаш хӏиттайора. Уггар хьалха – ӏаьржа йеха месаш, жугӏара бӏаьргаш долу аьрха Света Пантелейчук йало. Тӏаккха, дика дешарца университет чекхйаьккхина, цхьаьний аспирантуре даха, шиннех а ӏилманчаш хила.