Амма суна тӏаьххье хаттар деш ӏумар а гӏаттийра хьехархочо. Цхьа беламе хӏума а аьлла, Шерип Мадарович вела а къажийтина, цхьа тӏехула хабар дуьйцуш жоп лун кеп а йина кхоъ даьккхира ӏумарас-м.
— Шерип Мадарович, ас дика дӏа ма йийцира, диъ мукъна а хӏоттаде! — бохуш реза а вацара ӏумар тӏехула тӏе.
Маликас-м, даима санна, пхиъ даьккхира хаттаршна жоп а делла.
«Деллахь сох ма ца йешаш ойла йо хир йу цо. Цо хӏунда йеш йу хьох ойла, уллохь самакъадоккхуш ӏаш кӏант а волуш? Хьо мила ву? Иза-м йац хӏумма а гучохь а», — ойланаш хьийзара сан коьрте.
Урок чекхъйалар хоийтуш горгали бекарца аратасавелира со уггар а хьалха. Сан садукъделлера классана чохь, сайн ницкъа хилча со-м ведда дуьнена йистте а гӏурволуш вара. Со-м ца кхетара со ведда кӏелхьара валан гӏертачу йоьӏан сибат сан коьртана чохь, дагна чохь дуй, сайн сих а иза дӏаийний. Со мел ведда гена валарх оцу йоьӏан бӏаьргийн стигалбос аса сайн дагчохь лелор буй хӏинца дуьйна дӏайолчу хенахь даиман а! Со ца кхетара и бӏаьргаш дуй сайн цамгар а, оцу цамгарна хӏокху доккхачу дуьненахь цхьа а дарба доций а.
Урокаш чекхйевлича, со тахана-м ларвеш вара сан ши накъост.
— Селхана санна ма вадалахь тхох. Йа вай цхьана дахийта цига! — ишколан уьйтӏе йекайеш чӏогӏачу озаца геннара схьахьедира ӏарбис, суна тӏаьхьа ишколана чуьра ара а хьаьдаш.
— Стенга дахийта? – доттагӏ улло кхочуш, ца кхеташ хаьттира аса.
— Селхана «суьйре» хиллалца ма ӏийна сой Турпалханний хьоьга хьожуш! Дицделла хьуна? — реза воцучу озаца, шаьш со воцуш цӏагӏур доций хаийтира ӏарбис а, тӏевеъначу Турпалханас а.
— Вай цӏа доьлхуш ду-кх. Со-м вац цхьанхьа а шух ведда вахан гӏерташ а, вахан меттиг болуш а, — аьлла сапаргӏат даьккхира аса накъостийн.