Цхъа суна гуш боцучу, амма ондачу ницкъо вуьгуш вара со, стенга ваха деза а оцу ницкъо хьоьхура суна. Когашца чӏургаш аса хьийзош йелахь а, вилспетан тӏам сан синкхетаман карахь бацара. Вилспетан сиха йахаро лерга уллохь махе шок йоьттийтура, кӏадвалар хӏун ду ца хаьара суна.
Малижин цӏенна генавоццуш сецира со, хӏинца-м хьажтӏера хьацаран тӏадамаш хааделира суна йуьхьтӏехула охьахецалуш. Хала садеӏаро а гойтура, со сиха веъна хилар.
Малижа ӏаш йолу цӏа-м дикка гуш дара суна, со со луларчу кертан соннехь тебина латтахь а. Йоӏ-м йацара гучуйолуш, амма Малижин цӏа дара суна хьоме. Оцу ков-кертахь, оцу цӏачохь хьалакхиина-кх иза, ма ирс долуш цӏа ду-кх и. Хӏора дийнахь Малижа хьоьстуш иза ӏалашъеш цунна йовхо луш ду-кх и цӏено. Со-м хан ларар доцуш дукха лаьттира Малижа ӏаш йолчу хӏусаме хьоьжуш. Суна-м сайна Малижа гича санна хетара. Иштта со кхузахь сарралц латтахь со-м нахала валан тарлуш дара. Ца лаахь а, сан цӏавахан дезара. ӏумар санна багахь шера мотт а болуш эхь хӏун йу а ца хууш со велхьара аса-м цхьа жима бер дахийтина Малижига схьакхойкхийтура йара. Ткъа схьакхайкхийтича а сан хӏун ду цуьнга ала? «Со корта боьжна тентиг санна веъна дӏахӏоьттина лаьтташ ву-кх!», — ша ца алахь. Хӏинца а со дӏа ца гӏахь дехьа-сехьара цӏеношначура зударий, бераш дара сан тидам беш. Маликин керта кхин цкъа а безамца бӏаьргтоьхна аса тхайн цӏехьайерзийра сайн вилспет. Сан вилспет хӏинца-м догцадогӏуш меллаша йоьдура.
Со цӏакхаьчча тхан нана Зийна йара соьга ца кхеташ хьоьжуш.
— Сайдӏали, хьо стенгахула лелаш ву? — ша реза цахилар гойтура цо.
— Со-м сайн цхьана гӏуллакхе ваханера, — бехказаваьлла сайн жимчу чоьнчу вахара со.
— Хьайн гӏуллакхе-м вахана хир ву хьо. Дийнахь сарралц хӏума а ца йууш хӏунда лела ткъа, — тӏаьхьа йист хилира нана.
Со сахьтана тӏехьаьжича, со а цецвелира. Суьйрана йалх сахьт а даьлла лаьттира.
— Схьавола хӏинца мукъна а хӏума кхалла, — со волчу йист хилира нана.
— Хӏинцца, — жоп луш со сайн маьнгина тӏе аркъала тевжира.
Со-м вацара хӏума йезаш а, кӏадвелла хӏоьттина хилар-м хаалора дӏатевжича.
— Чохь вуй и? — ӏарбис нене деш хаттар хезира суна дукха хан йукъа ца йулуш.
— Вижина ӏуьллуш-м вац хӏара хӏинца а! — со волчу гучувелира ӏарби дукха хан йалале.