чекхйаьллера. Терхи тӏе хӏоттийна чуьра мехкадаьтта лахделла чиркх а серлонна гӏелбала боьллера.
Ӏела а, Ахьмад а боккхачу балехь вуйла, хаьара Айзина. Амма цаьршингахь берг бала бацара, Айзин кийрахь кхехкачуьнца буьстича. Ӏелина тӏедеанчу эхьана бехке, Айза йоцург, цхьа а вац. Ахьмад ванне а вац. Шега йеача, зуда йигна цо. Хӏокху бохамна бехке иза ша цхьаъ йу. Сибрех доьза вайна майра а волуш, маре йахана. Ткъа шо даьлча хӏун дара? Ӏийр йара-кх кхин а ткъа шарахь а, йаллалц а. Цӏа-цӏе а, керт-ков а цахиларх хӏун дара? Цхьа бун а йина, сагӏа а доьхуш, кӏант а кхобуш ӏийр йара-кх. Тӏаккха, воккха хилча, кӏанта иза а кхобур йара. Ша йаллалц. И сацам бинера Айзас. Ӏелех дог ца дуьллуш. Амма цамгаро кӏелвитинчу къеначу дас бохийра цуьнан сацам. Ша дуьненара дӏакхалха герга ву, бохура цо. Хьан а, кӏентан а йиша-ваша дац, гергара нах бац. Шел тӏаьхьа хьо кӏантаца цхьа йуьсу. Цӏа-цӏе, керт-ков доцуш. Доладан верас а воцуш. Кӏантана зуда йало йеза. Зуда йалийча, шуна цӏенош, бежана, сту-ворда дезар ду. Ахьмад хьекъале, оьзда, къинхетаме, доьналла долуш, наха лоруш, сий деш стаг ву. Гӏеххьачул таро йолуш а ву. Цо дола дийр ду шуьшиннан. Кӏантана цӏенош дийр ду, кертахь оьшург а тардийр ду. Цул совнаха, нагахь санна Дала азаллехь йаздинехь, хьо Ахьмаде йахча, ӏусманна йижарий, вежарий хир бу. Вайн устаз соьга вистхилийта ойла йолуш бу Ахьмадан гергара нах. Устазан дехар йухатоха бакъо йац вайшиннан. Ӏелех дог ца дуьллу, боху ахь? Мел хьуна ца лаахь а, ӏелех догдилла деза ахь. Ткъа шо даьлла цуьнан цхьа а хабар доцу. Дийна велахьара, цхьа кост ца кхетош, ӏийр вацара иза. Тоьур ду ахь ткъа шарахь ладегӏча. Хьо хӏинца а къона йу. Шен де тӏекхаьчча, массо а ву вала везаш. Амма дийна верг ваха веза. Хӏара сан тӏаьххьара дехар ду хьоьга…
Дела ву-кх и дерриг а хууш. Ӏела вицвелла а, маре дагадеана а ца йахара иза. Ша къона йелахь а, цунна майра, маре ма ца оьшура. Къона йолуш а цуьнан аьтто ца хиллера безамах марзо эца. Сихха цӏа воьрзур ву аьлла, Хонкара вахча, кхо шо даьлча, цӏа веара. Тӏаккха дукха хан йалале лаьцна, итт шо хан а тоьхна, Сибрех вахийтира. Тӏаккха бархӏ шо даьлча, салташа ӏумар вийра. Иза вийна а ца ӏийра. Цӏенош а,