керт-ков а дагийра, церан миска йийбар а йагийра, халла кхиийна ши сту а, йетт а дӏадигира. Хӏара жимачу ӏусманца йерзинчу стигала кӏел йисира. Маре а, майра а дагадогӏучохь йара ткъа иза? Цунна минотана а ца вицлора ӏела. Шен дуьххьарлера а, тӏаьххьара а безам. Ӏусманан а, шен къеначу ден а дуьхьа резахилир-кх. Ахьмаде безам бохург хьехочохь а дацара. Шена а, ӏусманна а иза мел дика велахь а, цуьнга даг чохь йовхо ца гӏоттура. Ӏусманна цӏенош а дира Ахьмада. Ши сту а, бежана а ийцира. Хӏетте а ӏела дагара ца волура, Ахьмадах безам ца летара. Йуьхьанца кӏант, тӏаккха йоӏ хилча, шен кхолламна къера а хилла, кӏелсецира. Даг чохь керла безам ца кхоллабеллехь а, Ахьмадана муьтӏахь, тешаме, дика хӏусамнана хилира цунах. Амма Далла дика хаьа-кх Айзина майра а, маре а оьшуш хилла цахилар. Хӏара хир дуйла хиънехьара…
– Айза, – лохха кхайкхира Ахьмад.
– Хӏун боху ахь? – гӏийлла йистхилира Айза.
– ӏела цӏа веачахьана ойланаша хьере дина вайша. Иштта ӏийна девр дуй-те вай?
– Хӏун дийр ду ткъа?
– Вайшиннан кхоллам муха хилла, хаьа-кх хьуна. Бакъдерг аьлча, хӏусамнана а йелла, доьзалхо а воцуш, цхьа висинчу суна хӏусамнана оьшура хӏетахь. Амма хьо майра оьшуш а, маре дагадогӏуш а йацара. Азаллехь синош кхуллуш, Дала йина кхел кхочушхуьлуш, вайшиннан рицкъанаш цхьаьна нисделла. Ахь дина йоӏ а, кӏант а ду сан. Хӏинца ӏела цӏа веана. Ӏеле а, вайшинга а дуьхьал схьа ца алахь а, тӏаьхьашха лелаш нехан питане мотт-эладитанаш ду. Хӏун дича бакъахьа хета хьуна?
– Хаац суна. Хьоьга йале йа ӏела цӏа вале со йеллехь, дика хир дара. Далла ца лиъна-кх иза а.
Цхьана ханна цӏа чохь тийналла хӏоьттира.
– Хӏокху дуьненахь цкъа а ирсан чам ца хууш, къанвелла ӏела. Дала кхоьллинчу цхьана а стагана ца лабаллал баланаш, халонаш, бохамаш лайна цо. Сол а декъаза стаг ву иза. Бусалба динехь а, адамаллин гӏиллакхехь а, хьайна лаахь, цуьнга дӏайаха бакъо йу хьан. Кхин хӏусамнана а йалийна, цуьнца ваха хаа къанвелла иза. Ахь мукъана а дог ца эцча, къанвеллачу хенахь иза хьанах, стенах ӏехалур ву?
Айза йист ца хуьлура. Хӏун аьлла хила йеза? Ахьмада дийриг оьзда къамел ду, цо лелориг оьзда гӏиллакх ду. Амма Айзин иза дан бакъо йац. Цуьнан кхоъ бер ду. Цигахь –