Кхин а доьхна хьал дара нохчийн халкъана йукъа дешар, ӏилма, культура йаржорехь а, къоман могашалла ларйарехь а. Берриг а нохчашна Соьлжа-Гӏалахь йиллина цхьа ишкол йара, ткъа хӏокху шарахь цигахь доьшуш волчу 97 дешархочух 47 бен нохчо вацара, уьш а таронаш йолчу нохчийн бераш дара. Нохчийн йарташкахь цхьа а больница а, амбулатори а, аптека а, цхьа а лор а, фельдшер а вацара. Цомгашчарна дарба леладора палтосучу а, ӏалабоьлхучу а зударша, молланаша жайнашца а.
Лаьттан къелла йара Нохчийчохь. Ламанан Нохчийчоьнан бахархошна шайн ирзошна тӏера даьлла йалта доьзалш ӏаьнах баха а ца тоьура. Нохчашкара пачхьалкхана налогаш йохура, цхьакӏеззиг бахьанаш схьалоций, гӏуданаш а дохура. Цара тӏеман налог токхура, кхузахь йоцчу больницашна а, лоьрашна а лерина, пурстоп, йуьртан урхаллин канцеляреш, йуьртан урхалла, йуьртда, писарь, талмаж, хазанча кхаба а, хьаькамаш дӏасалело харжашна а ахча токхура. Цул совнаха, цара шайн сту-ворданца маьхза белхаш бора некъаш дохкуш, тодеш, тӏеман гарнизонашна дечиг латтош, кхин, кхин дуккха а белхаш беш.
Царах цхьаберш ӏедало цхьана хенахь бахархошна тӏебехкина, ткъа тӏаьхьа царна тӏера дӏабаьхнарш бара, амма боданечу бахархошна иза ца хаьара. Ткъа кхетамна оцу бахархойл лакхабевлла боцчу цхьаболчу йуьртдайша и текхамаш бойтура, кхечара, и текхамаш бан бахархой декхарийлахь боцийла шайна хуъушехь, цаьргара ахчанаш а дохуш, шайн кисана дохкура.
Россехь революци йолайелча, цуьнан тулгӏе йаьржинера Нохчийчу. Соьлжа-Гӏаларчу нефтан промыслашкарчу, заводашкарчу, фабрикашкарчу, цӏерпоштанекъан депорчу белхалоша забастовкаш йора хаддаза. Ӏедале а, хьолахошка а цара лехамаш бора, белхалошна хӏусамаш, шайн берашна маьхза деша ишколаш хилийта, шайн векалш реза а боцуш, белхалой балхара дӏа ма баха, гӏуданаш ма тоха бохуш. Къиза, харцонаш лело инженераш а, мастерш а балхара дӏабаха, шайна гуламаш бан а, забастовкаш, стачкаш йан а бакъо ло бохуш.