Пачхьалкхана налогаш йалар а, дуккха а барамехь текхамаш бар а сацийнера цара. Ӏедало хӏиттийна йуьртдай, къеданаш, молланаш дӏа а бохуш, йартийн гуламашкахь уьш шаьш хоржура.
Къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш даьржинера Нохчийчохь. Нохчаша уьш вовшашлахь а дора, амма дукхахдерш гӏалагӏазкхашна дора. И бахьана а лаьцна, гӏалагӏазкхий герзаца кечбора ӏедало. Соьлжа отделан атаманан инарла Суровецкийн дехарца, цигарчу ворхӏ эзар вахархочун карахь йолчу 2725 пхоьазза йолучу тоьпана тӏе 5000 топ а, 1 миллион патарма а белира областан инарла-губернатора Колюбакина. Цул совнаха, Суровецкийн дехарца, цуьнан гӏалагӏазкхашна гӏоьнна 2-гӏа Кизлярско-Гребенски гӏалагӏазкхийн дошлойн полк а йалийра нохчашна а, гӏалгӏашна а дуьхьал.
Дӏадаханчу шарахь Соьлжа-Гӏаларчу базарахь нохчашна тӏехь йинчу акхараллина дуьхьал, масех эзар стаг а гулвелла, митинг йира гӏаларчу белхалоша. Цунна бехкечарна таӏзар дар лоьхура цара. Амма бехкенаш, даим а санна, таӏзарза бисира. Тӏаккха обарго Зеламхас, цигахь вийначу вуьрхӏитта нохчочун чӏир йоькхуш, Къеди-Юьртан разъезда уллохь пассажирийн цӏерпошт а сацийна, базарахь вийна и вуьрхӏитта нохчо санна, бехк-гуьнахь а доцу вуьрхӏитта оьрси вийра, цӏерпошт а талийра.
Нохчийн интеллигенцин цхьаболчу векалша къобалдора нохчаша гӏалагӏазкхашна талораш дар а, Зеламхас къиза хьаькамаш байар а, цо деш долу талораш а. Овхьад сацам боллуш дуьхьал вара шина а агӏорчеран оцу террорашна. Нохчаша а, гӏалагӏазкхаша а вовшийн байар, царна йукъахь хаддаза мостагӏалла латтар ӏедало лоьхург а, цунна луург а дара. Гӏалагӏазкхашна нохчаша дина зулам даим а нохчий оьшуш а, йуккъера мостагӏалла марсадолуш а, нохчийн йарташна луьра таӏзарш деш а доьрзура. Цундела, ӏедалан питане политика ӏорайоккхуш, нохчашна а, гӏалагӏазкхашна а йукъахь кхетаман болх баре а, царна йукъахь барте а, машаре а кхойкхура Овхьад.