чуьра араиккхинчу Бийсолтас, човхийна, дӏатедира иза. Тӏаккха, ведда тӏе а веана, вешина маракхийтира Бийсолта. Керта-арахь гӏовгӏа йаьлча, кхераелла Билкъис, кӏантана тӏаьххье уча а йаьлла, бӏаьргашна тӏехула куьг а лаьцна, Зеламхе а хьаьжна, иза вевзича, йедда тӏе а йеана, меракӏант къевллина мара а воьллина, шен сирбелла корта цуьнан шуьйрачу, ондачу некха тӏе а таӏийна, йист ца хуьлуш, йелха хӏоьттира. Билкъис доггаха йоьлхура, сатен ца туьгуш. Иштта доггаха йелха дукха а, даккхий а бахьанаш дара цуьнан. Билкъисан кӏентан дена Гушмацӏина а, цуьнан шен дена Элсанна а йуккъе бархӏ шо хьалха, вовшийн нах а байъина, мостагӏалла доьллера. И мостагӏалла бахьана долуш шина цӏарна йуккъехь йисина Билкъис, ша хӏун дер ца хууш, бӏарзйелла хьийзира оцу масех шарахь. Хӏусамда а, цуьнан ши кӏант а обарг ваьлча, зударий ӏедало хьийзо болийча, шен кӏантаца ден цӏа дӏайахара иза.
Амма и хан биллина дӏа кийрахь ша болуш йаьккхира цо. Цхьана агӏор, ӏедало сагатдора цуьнан, вукху агӏор, Зеламхагӏеран мостагӏаша шен кӏантана бохам барна кхоьрура. Оцу сингаттамаша хеназа къанйина, къежйина, ӏаддаргӏа санна, букар хьаьвзинера иза. И дерриг а дика хуучу Зеламхас, цуьнан декъазчу кхолламна ша бехке хеташ, пханарш тӏе а хевшина, бакъабеллачу букъах а, сирбеллачу цуьнан коьртах а, вист а ца хуьлуш, дай куьг хьоькхура. Бархӏ шо хьалха Зеламхел дукха йоккха ца хеташ, дуьзна, куьце дегӏ долуш, тӏахъаьлла зуда ма йара иза.
Ткъа Бийсолта, садукъо санна, къамкъаргехула хьалагӏерта къаьхьа шад а, бӏаьргаш ӏийжош схьагӏерта бӏаьрхиш а сецош, цаьршинга а хьоьжуш, вист ца хуьлуш, йуьстах лаьттара. Масех минотехь йилхина, шен дог а ӏабийна, кийра а бассийна, Зеламха цӏа чу вигира Билкъиса.
Зеламхина сискал а, хьонкех бина жахар а баийна, тӏаккха Дудниковс йуьртахь динарг дийцира Билкъиса. Шена тӏе а кхойкхуш, цхьацца чу а вуьгуш, йуьртара боьрша нах лебира начальнико. Зеламха а, цуьнан доьзал а болу меттиг аш ца йийцахь, ша йурт йагор йу бохуш, царна кхерамаш а туьйсуш. Лебинчара, шаьш уьш болу меттиг ца йийцира бохуш, чӏагӏонаш йора. Гӏалгӏайн махкахь, ӏасса- хин лакхенгахь, цхьанхьа лаьмнашкахь бу бохуш хазар