бен, цхьанна а ца хаьара уьш болу меттиг. Хьанна хаьа, цхьаъ айкх валаза ӏийна хир ма вац. Адамех а тешам бац хӏокху хьеречу заманахь.
Маьркӏажан ламаз а дина, шен карахь долу ахча Билкъисе а делла, дӏаваха кечвеллачу Зеламхех хьаьрчира Бийсолта:
– Ваши, хьайца дӏавигахьа со…
Цецваьлла а, воьхна а хьаьвзира Зеламха. Пхуьйтталгӏа шо доладеллехь а, иза хӏинца а бер дара.
– Гӏуллакх хир дац цунах, Бийсолта.
– Хӏунда?
– Цкъа-делахь, хьо жима ву. Ткъа сан дахар, дийцалур доцуш, ӏаламат хала ду. Цхьа минот а, цхьа гӏулч а тешаме йоцуш. Дӏа ког мел баьккхинчохь – йамартлонаш, кӏелонаш. Набарза буьйсанаш. Мацвелча, баа кхача боцуш, хьагвелча мала хи доцуш де-буьйса такха дезаш меттигаш дукха нисло. Хьо хӏинца а бер ду, хьоьга лалур йац и халонаш. Шолгӏа-делахь, хьан нана къанйелла, хьо воцург тӏетовжа верас вац цуьнан.
– Цуьнан вежарий, йижарий бу, ваша. Хьо цхьаъ бен, сан йиша-ваша а дац. Кхин хуьлийла а дац. Муслимат, Энист, Мохьмад, Лом-ӏела, ӏумар-ӏела ларбан хьуна накъост веза. Наггахь бен хьо цаьрца ца хуьлу. Бецина а, Зезагна а гӏоьнча оьшу. Со жима вац, ваша, сан пхуьйтталгӏа шо ду. Баба реза йу со хьоьца дӏаваийта…
Зеламха дестечуьнга хьаьжира.
– Шуьшиннан барт хилахь, со дуьхьал йац. Бийсолтин пхуьйтталгӏа шо ду. Пхийтта шо дуьзча, иза ларван стаг вац кхузахь…
Зеламха хӏинца кхийтира Билкъисан дагахь долчух. Зеламхина тӏехь масех чӏир йу. Иза вен аьтто ца нислуш лела мостагӏий. Ткъа Бийсолта маьрша вуьту. Пхийтта шо кхаччалц. Тӏаккха герз лело а, тӏаме ваха а бакъо хуьлу кӏентан. Хӏетталц иза бер лору нохчийн гӏиллакхехь. Пхийтта шо дуззалц божабер йукъа ца догӏу чӏирана. Бийсолтин пхийтта шо дуьзча, цуьнца Зеламхин чӏир нисйан бакъо йу мостагӏийн. Иза воцург ваша а, вежарийн кӏентий а бац Зеламхин. Ткъа Бийсолтин пхуьйтталгӏа шо делахь а, иза хӏинца а бер ду. Йуьхьа тӏе а, мера кӏел а пхьаьрчоьш а довлаза. Зеламхин дахар мел хала делахь а, шена уллохь хилча, и жима ваша мостагӏех ларван атта хир ду цунна.
– Дика ду, Билкъис. Соьца хала-м хир ду Бийсолтина. Делахь а кхузахь цхьа вехачул, соьца а, сан накъосташца а тешаме хир ду хӏокхунна. Хьан наха хӏинццалц дика дола дина хӏокхуьнан. Тоьур ду, Дела реза