Ӏасса-хица хьала отряд чӏожа йоьлча, хьалха йоьдучу разъездана ши гӏалгӏа дуьхьалкхийтира. Цхьаъ шовзткъа шо хенара, важа – сирвелла воккха стаг. Къоначуьнгахь берданга топ йара, воккхачу стеган белшах тийсина – машин таьлсаш. Разъездо топ схьайехча, кочара схьа а йаьккхина, ша иза дӏало а моттийтина, тоьхна гӏалагӏазкхи вийра. Гӏалгӏа шолгӏа тоха кхиале, цхьаммо топ, вукхо тур туьйхира цунна. Белшаш тӏера таьлсаш охьа а тийсина, воккха стаг йуханехьа новкъахула хьалаведира. Некъана йуьстахъиккхина кӏелхьарволийла а дацара цуьнан. Шиний агӏор нийсса ирахь лекха тӏулган бердаш дара. Шена топ ца кхетийта, готтачу некъан шоралла дӏасахьийзаш, ницкъ ма-кхоччу дӏауьду иза ткъех гӏулч гена валале тоьпаш тоьхна вожийра.
Цхьана сохьтехь некъ бича, шайна дуьхьал нисвелла ши гӏалгӏа, къамел ца деш, тоьпаш тоьхна вийра гӏалагӏазкхаша.
Капитан Дудников, ша къиза велахь а, законаш а, тӏеман низам а лоруш, цхьа а тайпа хьийзораш йоцуш, уьш лардеш, кхочушдеш стаг вара. Герзаца дуьхьало йина ши гӏалгӏа верна-м ала хӏумма а дацара цуьнан, амма карахь герз а доцуш, цхьа а тайпа дуьхьало йина а воцу машаре кхо гӏалгӏа верна реза вацара. Цуьнан бӏаьргашна хьалха лаьттара ӏожаллех кӏелхьарвала гӏерташ, некъан шоралла дӏасахьийзаш, шен ницкъ ма-кхоччу уьду къена гӏалгӏа.
– Капитан Григорчук, и тайпа къизалла хьайгара кхин ахь йолуьйтур йац аьлла, хета суна, – элира цо говрахь шена уллохь вогӏучу Григорчуке.
Дудниковс аьллачух ца кхеташ, цецваьлла цуьнга дӏахьаьжира Григорчук.
– Ахь хӏун къизалла йуьйцу, капитан?
– Бехке доцу адамаш дайар.
– Цара цхьа гӏалагӏазкхи вер, кхаанна чевнаш йар бехк ца лору ахь? Тӏе, урядник Тонкогубов велла хила а мега.
– Герзаца дуьхьало йинарг а, гӏалагӏазкхи вийнарг а, кхаанна чевнаш йинарг а ши гӏалгӏа ву. Вукху кхаангахь герз а дацара, цара дуьхьало а ца йинера. Царах цхьаъ хьан ден ден хенара къена стаг вара. Цунна а тохийтира ахь!
– Сайн омранах дош ас айсса лур ду.
– Хьоьга жоп а доьхур дац, ахь жоп а лур дац. Ахь тешаш ма ца битина. Хилларг хилла даьлла, иза нислур дац. Амма кхидӏа сан бертахь бен омра ма лолахь.