– Господин капитан, – кӏоршаме вистхилира Григорчук. – Сайн гӏалагӏазкхийн бӏона а, салтийн ротина а омранаш луш кхузахь со цхьаннах а дагавийла ца оьшу, моьтту суна. Сан цхьа хьаькам ву – Вербицкий. Иза воцчохь со сайна хьаькам ву.
– Хӏокху операцин куьйгалхо а, хӏокхуьнан тӏаьхьалонах жоп дала дезарг а со хилар ахь а ма дицделахь, капитан!
Григорчукан морзгалша къарзйина йуьхь кӏайелира.
Оцу хьалхарчу дийнахь цаьршинна йукъайаьхкина галморзахаллаш шолгӏачу дийнахь йуха а дӏайуьйлайелира. Хӏинца тӏеман кхеташонехь. Отряд хьалха тӏекхача йезарг гӏалгӏайн кӏотар Цӏорхе йара. Дудниковс шен агентурехула хьалххе гулбинчу хаамашца, оцу кӏотарахь, Габис цӏе йолуш, цхьа стаг вара, Зеламха кест-кеста тӏевуссуш. Дудниковс ӏалашо хӏоттийра, кӏотарна цӏеххьана го а бина, цӏийнах а хьовсуш, герз схьадаккха. Цигахь Зеламха хила а, иза вацахь, обаргаш хила а тарло, бохура цо. Григорчук дуьхьал вара. Дудниковн план кхочушйан доьлча, цигахь де дайа деза, бохура. Тӏаккха отряд кхуза кхачар лаьмнашкахь даьржар ду, обаргийн гӏеранаша, цхьаьна а кхетта, кӏелонаш йеш, тӏелеташ, отрядана зенаш дийр ду. Цундела, иза ца хилийта, цӏеххьана кӏотарна тӏе а летта, цигара боьрша нах лецна, отрядаца дӏабига беза, цаьрга лаьмнашкахь эладита ца даржадайта.
Дукхахболу эпсарш Григорчукехьа бевлира.
Ах бӏе гергга цӏа долу Цӏорхе ӏасса йистехь, ломан басенца йаьржина, ӏуьллура. Кхузара цӏенош тайп-тайпанчу коьчалех дина дара. Пенаш тӏулгех дуттуш а, буьйдачу кибарчигех а, серагех дуьйцина тӏе поппар хьаьхна а. Наггахь тхов герагца къевлина, дукхахдерш тӏе латта тесна а. Цхьадолу цӏенош тӏе ворда йахалуш гаттий некъаш дара, дукхахдерш – гӏаш бен тӏе ца вахалуш.
Авангардехь богӏу гӏалагӏазкхий кӏотаран гаттийчу урамашкахула дӏасабаьржира, цхьа а ӏалашо йоцуш тоьпаш а йетташ. Цхьаболчара баттара даьхна тарраш лестадора, маьхьарий а хьоькхуш. Тӏаьхьа тӏекхиъначу салташа мосазза а пулемет туьйхира кӏотарна тӏехула. Кӏотарахь зударийн а, берийн а маьхьарий, цӏогӏанаш хезара. Шаьш хӏун до а ца хууш, керташкахула, урамашкахула ида боьлла уьш, божарша човхийна, цӏенош чу а лаьхкина, дӏалевчкъира.