Исс баттахь гергга Зеламхина тӏаьхьа толлуш, лийлира Вербицкий. Амма оццул къахьегарх, цуьнга лацавелларг веккъа цхьа обарг бен вацара. Иза хӏокху областе веача, цо дина дозаллаш а, кхийсина кураллаш а, Зеламхина тийсина кхерамаш а дуьххьалдӏа кӏар-кӏаран даьсса хабарш а, гӏовгӏа а хиларх кхеттера меттигера йукъаралла а. Хьалхарчу масех баттахь иза, турпал вина, хестийра меттигерчу зорбано а. Тӏаккха цхьана йукъана иза хестор дитира цо. Тӏаьххьара а цунна тӏехбеттамаш бан, ӏиттарш йан дуьйлира. Хӏун деш ву бӏагӏара атаман Вербицкий? Пятигорскан а, Дегӏастанан а турпал? Мича дахана цо ӏедална а, йукъараллина а делла дош? Шен реляцешна тӏехь цо масех бӏе обарг вийна, ткъа Зеламха маьрша лела? Хӏумма а лечкъина а, къайлаваьлла а ца ӏа. Мелхо а, дийнан делккъехь Буру-гӏалина а, Соьлжа-Гӏалина а тӏелетарш до. Хьалхачул а алсам. Ткъа Вербицкий нохчийн а, гӏалгӏайн а йарташ йохош, талош, бехк-гуьнахь доцу нах бойуш, лоьцуш, набахтешка кхуьйсуш, мелхо а, Зеламхин тоба стамйеш ву. Вербицкийс пайда ца бо ӏедална а, йукъараллина а, мелхо а, зуламе ваьлла иза.
Йуьхьанца дозаллаш дора Вербицкийс. Тӏаккха иза дитира цо. Эххар а цо дог диллира шега Зеламха а, цуьнан обаргаш а хӏаллакбалург хиларх. Кхузахь коьртаниг Зеламхин тоба йелахь а, цунах йозуш йоцуш обаргийн дуккха а тобанаш йара Вербицкийна бале йевлла. Вербицкийс байъинчу а, лецначу а нехан гергарчу нахах вовшахкхетта. Цо йохийнчу, талийнчу йарташкара вовшахкхетта. Зеламхин хилча а, цкъа а ӏедалца машар хир боцуш. Зеламха санна, Вербицкийх бекхам эца дуйнаца чӏагӏо йина, цунна тӏаьхьа толлуш лелаш.
Ша тӏелаьцна декхар шега кхочушдалург хиларх дог диллинчу Вербицкийс 1909-чу шеран 1-чу декабрехь областан начальнике рапорт делира, таллархойн ханна отрядан начальникан декхарех ша мукъаваккхар доьхуш. Амма и дехар цо даран коьрта бахьана кхин дара. Зеламхас ша верна кхоьруш, буса набарха вуьйлуш, хьалалелхара иза, вон гӏенаш гуш.