Михеевс цуьнан дехар кхочушдира. Оцу исс баттахь Вербицкийн хилла кхиамаш а, цо дина даккхий гӏуллакхаш а билгалдира омри тӏехь. Цунна баркалла а олуш, иза Гӏизларан отделан атаман хӏоттийра. Ткъа Вербицкийн метта таллархойн ханна отрядан начальник полковник Веселовский хӏоттийра.
Вербицкий таллархойн ханна отрядан начальникан даржера мукъаваларх а, кхечухьа хьаькам хӏоттаварх а, иза маьрша вита ойла йацара Зеламхин. Вербицкийс операци йеш, иза вен аьтто ца белира цуьнан. Цхьа наггахь йаккхийчу операцешкахь бен дакъа ца лоцура атамана, ткъа цхьа-ши эзар салташна, гӏалагӏазкхашна йукъахь хуьлучу цунна тӏе куьг ца кхочура. Ша Соьлжа-Гӏалара Буритӏа воьдуш а, йухавогӏуш а, иза йоккхачу къайлехь латтадора Вербицкийс.
Мел тӏаьхьаваьлла леларх, иза вен шен аьтто ца баьлча, ӏедална а, халкъана а хьалха цуьнан сий дайа некъ карийра Зеламхина. Цо цӏеххьана тӏелатарш а деш, талабора Буритӏара а, Соьлжа-Гӏалара а хьолахой. Йуьхьанца Вербицкийс ша сийсазвеш йаздинчу кехатах а, Гуьмсе базарахь атамана лелийнчу акхараллех а бекхам оьцуш. Иза а, важа а гӏан хилира, Вербицкийс тӏаьхьа нохчийн а, гӏалгӏайн а йарташкахь лелийнчу акхараллица дуьстича.
Вербицкий таллархойн ханна отрядан начальник вац. Иза операцешкахь дакъалоцуш а вац. Иза нохчийн махкара дӏа а ваьккхина, гӏалагӏазкхийн Гӏизлара отделан атаман хӏоттийна. Зеламхина гена ваьккхина иза. Амма иза дуьненан йисте ваьккхича а, цунах бекхам эца беза Зеламхас. Вийна, йа ӏедална а, халкъана а хьалха бехвина, хӏокху областера дӏаэккхавайта.
Дуккха а ойла йинчул тӏаьхьа Зеламхас сацам бира, Вербицкий хьаькам волччуьра, Гӏизларера банк тало. Вербицкийн мера кӏелхьара Зеламхас банк талийча, атаманна эхь ма ду. Нагахь санна и эхь бохург цуьнан дегӏаца делахь
Шина-кхаа дийнахь ойла йира Зеламхас, и сацам кхочуш муха бийр бара-те бохуш. Эххар а ша план хӏоттийча, Аюб тӏекхайкхира цо.
– Вербицкий бохучу зуьде кехат йаздел, – элира цо, хьийзораш а ца йеш.
Аюба шен йозанан гӏирс кечбира.
– Кхо де даьлча, со Гӏизларера банк йахьа вогӏу, хьо кӏилло баба йацахь, соьга иза ца йахьийта дуьхьалвала алий, йазде.
Аюба дӏайаздира иза.