къениг вацаво. Хьекъалечо боданениг ӏехаво. Ӏеламнаха бусалба дин шайна пайдехьа дерзадо, уьш дукхахберш паччахьан ӏедална, хьаькамашна бохкабелла. Гӏорасизчун, къечун, гӏийлачун, мискачун цхьа а тайпа бакъо йац. Ӏедална а, хьолахошна а уьш адамаш ца хета. Уьш, лоьцуш, Сибрех бахийта а, байа а, текхамаш бойтуш, чӏанабаха а мега. И Дела воцу мостагӏий, таӏзар ца деш, бекхам ца оьцуш, шайна луъург дан хецна муха бита беза? Хӏара Зеламха а, хӏара саннарш а царах бекхам эца Дала къастийна, Делан лаамца лелаш хила а ма мега. Ткъа бусалба динан кӏоргенеш хаа, Соип-Молла санна, ӏеламстаг вац Зеламха. Иза бодане бежӏу, жаӏу, ахархо, асархо, мангалхо ву. Цунна, Къуръано а, шариӏато а хӏун боху, ма ца хаьа. Дукхахболчу нохчашна а. Йа Зеламхина бевзина молланаш а ма бац дукха кӏоргера бусалба динан ӏилма хууш. Цхьаммо цхьаъ дуьйцу, кхечара кхин дуьйцу. Делан Къуръано а, шариӏато а бохург дерриг а цӏена хууш хиллехь, Зеламхас и къинош летор ма дацара. Дала гайтинчу цӏенчу, нийсачу некъа тӏера йуьстахвер ма вацара. Цо ца кхеташ, лаамаза дийлийтинчу гӏалаташна, летийнчу къиношна Дала гечдийр ду цунна. Дела хууш а, гуш а ву цуьнан дагахь дерг…
Амма Дала къинхетам ца бахь, герггарчу хенахь машаречу дахаре йуханехьа некъ ца гора цунна…
Оцу шен къаьхьачу ойланех иза йукъахваьккхира арара схьахезначу когийн татанаша а, лохха дечу къамелаша а. Цхьа минот йаьлча, цӏа чу велира Аюб а, Абубакар а, корта а, маж-мекх а даьлла жима стаг а. Охьаховша пурба делира царна Зеламхас.
– Мичара ву хьо?
– Гати-Юьртара.
– Цӏе хӏун йу хьан?
– Соип.
– Ден цӏе?
– Болат.
– Ненан цӏе?
– Деши.
– Да-нана дуй хьан?
– Нана йу, да вац. Сибрехь вайна…
– Хьан дехой мичахь бу?
– Шелахь.
Кхидӏа хеттарш дан ца оьшура. Иза Соип-Моллас вийцинарг вара.
– Аюб, корта а, маж а даша цуьнан. Хи а дохдай, дегӏ а цӏандайта. Бедарш хийца. Цунна тӏехь йерш йагайе.
Ши сахьт даьлча, Зеламхина хьалха хӏоьттира куьце, майра йуьхь-сибат долуш жима стаг.
– Маса шо ду хьан?
– Ткъе ворхӏ.
– Зуда йуй хьан?
– Йац.
– Хӏунда йац?
– Зуда йало аьтто боцуш ӏийнера. Цунна а, керт-ковхь оьшучунна а ахча даккха гӏалагӏазкхашна йолах болх бан Теркал дехьа ваханера со. Цигахь болабелла хӏара суна