хилла бохам…
– Хаьа суна. Хӏинца кхидӏа хӏун дан ойла йу хьан?
– Ахь пурба лахь, хьох дӏакхета лаьа суна. Сан ден, да-нана махках а даьккхина, Хонкара дахийтинчу, сан да Сибрех а вахийтина, доьза вайъинчу, сан нана ткъе ворхӏ шарахь хеназа къанйинчу Делан мостагӏех бекхам эца.
Зеламха гӏайгӏане велавелира.
– Тахана Соьлжа-Гӏала дӏавигнехь, цкъа хьалха масех баттахь набахтехь валлор вара хьо. Тӏаккха суьдо вен кхел йийр йара хьуна, йа йерриг а хьайн оьмарна Сибрех а вахийтина, цигахь лийр вара хьо. Амма Дала къинхетам бина, тахана хьо ӏожаллех кӏелхьарваьккхина. Тхан дахар а дац цхьа минот а тешам болуш. Ӏожалла йу, когийн кӏажаш хьоьшуш, тӏаьхьахӏоьттина лелаш. Тхоьца висча а, лаьмнашкахула, хьаннашкахула, шийла, меца, лечкъаш, экха санна, ваьлла лела дезар ду хьан. Тӏаккха цхьана дийнахь салташа вуьйр ву йа, ӏедало лаьцна, Сибрех вохуьйтур ву. Ахь ӏожалла леха ца йеза, хьо вала ца веза, ваха веза. Хьан дай къонахий хилла, цара шайн синош дӏаделла нохчийн къоман, бусалба динан маршонан дуьхьа. Церан тӏаьхье хила йеза, иза йаха йеза. Цул совнаха, ткъе ворхӏ шарахь хьо кхаьбначу, кхиийнчу хьайн декъазчу ненан ойла йан а йеза ахь. Хьол тӏаьхьа дола дан верас воцуш, цхьалха йуьсур ма йу иза.
Соипан корта охьабахара.
Зеламха Аюбана а, Абубакарна а тӏевирзира.
– Уггар хьалха хӏокхуьнан нене а, Соип-Молле а дӏахаийта хӏара могаш-маьрша а, кхерам боцуш а хилар. Тӏаккха генна лаьмнашка, кхерам боцчу йуьрта, вайн хьеший болчу дӏавига хӏара. Цигахь хӏокхунна хӏусамаш а таръе, кад-ӏайг, мотт-гӏайба, кхин хӏусамехь оьшурш а таръе. Уьш дерриг а дӏанисделча, хӏокхуьнан нана цига дӏайига. Тӏаккха хӏокхунна йало зуда лаха. Хӏара реза а волуш, хӏокхунна реза а йолуш, ийманехь йолу йоӏ. Ишттаниг шайна карийча, сихха йалае. Мах бар а, там бар а шиммо а дӏалиста. Тховса кхааммо а дика садаӏа, кхана ӏуьйранна новкъа довла. Кхетий шу?
Аюба а, Абубакара а, резахилла, кортош таӏийра.
– Ткъа ахь, Соип, хьо дӏатарвинчу йуьртара соьгара пурба доцуш цхьа а ког дӏа а ма таса.
Кегийрхой, вовшашка а хьаьвсина, бист ца хуьлуш, арабевлира. Тийналлехь цхьа висина Зеламха гӏайгӏанечу ойланаша йуха а йийсаре лецира…