Тогӏи готта йолчохь шина бердан йистошна йуьхьигаш хӏиттош дехкинчу дукъошна тӏехула серагех дуьйцина зӏараш а дехкина, лаккха айъина Хулхулона тиллинчу тӏай тӏе ваьлча, цхьа масех минотехь тогӏица хьала-охьа бӏаьрг бетташ сецира Овхьад. Тӏай кӏелхула сихделла охьауьдура бухара тӏулгаш гуш сирла хи. Овхьадана тӏехбуьйлуш, гихь а, карахь а тӏоьрмигаш, таьлсаш долуш дӏаоьхура базарара йухабирзина божарий а, зударий а. Хьалха лаьттачу Дишни-Веданан кешнашна тӏехь бӏаьрг сецира Овхьадан. Карлабелира ткъе ворхӏ шо хьалха цигахь хилла буьрса тӏом. Хӏетахь оьрсийн эскаран йаккхийчу тоьпийн хӏоьънаша кегдина чарташ хӏинца а лаьттара кортош доцуш а, охьадеттаделла а. Доккха са а даьӏна, шен чамда схьа а эцна, меллаша гӏулч йоккхуш, дӏаволавелира Овхьад.
Гӏамар-Дукъ хадош а, изза тӏеман шо карладелира Овхьадана. Малх чубуза гергабахча, Цӏоьнтара улло, Кхеташ-Корта лома тӏе хьалавелира иза. Кхузара дӏа бӏаьрг тоьхча, цунна хьалха хӏоьттира берриг а бохург санна Нохчмохк. Къилбехьа – белгӏатойн, даьргӏойн, цӏонтаройн, гунойн, курчалойн йарташ, малхбузехьа – йалхойн, энакхаллойн, айткхаллойн, бийтаройн, къилбаседехьа – гӏордалойн, шонойн, ӏаларойн, бенойн, билтойн, гендарганойн, зандакъойн йарташ. И йарташ а, хьаннаш, даккъаш, раьгӏнаш а, шен ши пӏелг санна, дика йевзара цунна. Ткъе ворхӏ шо хьалха, тӏеман бархӏ баттахь, шелехь-дорцалахь а, дийнахь-буса а, гӏаш-говрахь а дукха леллера иза оцу меттигашкахула. Кхузара дӏахьаьжча, нийсса дуьхьал го Коьжалк-Дукъ. 1845-чу шарахь нохчийн наибаша, коьртачу декъана, цигахь дохийнера эла Воронцовн эскарш. Ткъе ворхӏ шо хьалха ӏаьлбаг-Хьаьжас шен кхаа бӏе тӏемалочуьнца кхаа дийнахь жигара тӏом бира цигахь оьрсийн эскарца. Ломана тӏелеташ масех батальон салтий а, гӏалгӏазкхийн дошлойн масех бӏо а, царал совнаха, нохчийн, гӏалгӏайн, суьйлийн, гӏумкийн, хӏирийн лаамхойн отрядаш а йара. Царна гӏо деш йара йаккхийчу тоьпийн масех батарей. Мостагӏчунна даккхий зенаш а дина, кхоалгӏачу буса шайн беллачеран декъий а, чевнаш хилларш а кӏелхьара а бохуш, оцу ломара дӏавелира ӏаьлбаг-Хьаьжа.
Кхузара дӏа го иза винчу Гати-Юьртара масех цӏа а.