Доккха бахьана дара Аюбан ларваларан. Нийсса кхо бутт хьалха йамартлонца кхузахь вийнера цуьнан йуьртахо, доттагӏ, обарг Хасун Абубакар.
И шиъ, вовшех ца къаьсташ, ши доттагӏ вара бераллехь дуьйна. Шаьшшиннах обарг хир ву бохург цкъа а дага а ца догӏура. Нийсархошца Органан тогӏи чохь, хьаннашкахь ловзуш дӏайоьдура бералла. Аьхка луьйчуш, чӏерий лоьцуш. Хьаннашкахула кхерсташ. Йуьртарчу хьуьжарехь доьшуш а. Ӏаьрбан йоза-дешарца цхьаьна оьрсийн йоза-дешар а ӏамийра Аюба. Цуьнан шийтта шо кхаьчча, дас Тӏамас Соьлжа-Гӏала оьрсийн ишколе деша дӏавелира иза. Цигахь дикка кхиамаш а хилира цуьнан. Амма кхо шо даьлча, ишкол йита дийзира. Доьзалан аьтто бацара кхидӏа дешийта. Амма Аюба ламанхойх дог лозучу оьрсийн йаздархойн Пушкинан, Лермонтовн, Толстойн книгаш йоьшура. Цаьрца цхьаьна цо йоьшура нохчий сийсазбеш, уьш бандиташ, разбойникаш, адамашдайархой, акха адамаш ду бохуш, кхечу оьрсаша йазйинарш а. Цкъа Абрамов Яковн «Кавказан ламанхой» цӏе йолу жима книжка карайеара цунна. Абрамовс ма-дарра гайтинера паччахьан ӏедало ламанхошна, къаьсттана нохчашна, тӏехь латто харцонаш. Къоначу Аюбан даг чохь, цкъа а машар хир боцуш, цабезам а, мостагӏалла а гӏеттира паччахьан ӏедале. Къоначу Аюбана ца хаьара и шен дог-ойла къайлайаккха. Цо кхайкхайора иза халкъа йукъахь. Йуьртдега, пурстопе дуьххьал дӏаолура ша резавоцург. Аюб, лаьцна, набахти кхоьссира. Цигара дӏа Сибрех ссылке вахийтира пхеа шарна. Иза, ведда, цӏа веара. Амма шен хьалхалера ойланаш хийцаелла ца веара. Мелхо а, уьш чӏагӏйира набахтехь а, ссылкехь а цуьнца нисбеллачу политически тутмакхаша. Аюб, шозлагӏа а, лаьцна, ссылке вахийтира. Хӏинца итт шарна. Амма иза шозлагӏа а ведира. Ӏедал йуха а цунна тӏаьхьаделира. Аюбана кхин некъ ца бисинера, цхьаъ боцург. Обаргалла.
Аюб ссылкера шозлагӏа, ведда, цӏа веача, Абубакар Зеламхица вара. Накъосташца гӏалагӏазкхийн станице къолах вахча хиллачу кхийсаршкахь хӏокхара масех гӏалагӏазкхи вийнера, ткъа Абубакарна чов хиллера. Иза хиънера пурстопана. Ша лаца хьовзийча, Зеламхех дӏакхийтира Абубакар. Шозлагӏа ведда, ссылкера цӏа веача, Абубакарца вахана Зеламхех дӏакхийтира Аюб а.