Цкъа а вовшах ца къаьсташ, исс шарахь обарг лийлира и шиъ. Уггар кхерамечу операцешка а цхьаьна воьдура. Кхераме киртиг тӏехӏоьттича, ӏожалла тӏегӏоьртича, вовшийн ларвора. Тӏаьххьара сискалан йуьхк, йоькъий, йуура, духар а, герз а йукъара дара цушиннан. Амалш а цхьатера йара. Мел кхерамечу хьоле нисвелча а, ӏожаллина хьалха хӏоьттича а, вовшашца забарш ца йуьтура. Ший а дегабааме вацара, дог-цӏена, оьзда, майра, самукъане вара. Къоначу хенахь цхьаьний синкъерамашка а лийлира. И шиъ тӏехьийзина, цаьршиммо йалийна ши йоӏ а ши доттагӏ йара. Аюбал цхьа шо воккха вара Абубакар. Вовшашца барт а бина, Абубакарна хьалха йалийра зуда. Цуьнан ловзар дӏадирзинчул тӏаьхьа цхьа бутт баьлча, Аюбана йалийра. Шиннан а шишша бер а дара церан – цхьацца йоӏ а, цхьацца кӏант а. Къена дай-наной а бара, амма шиннан а вежарий бацара. Цундела вовшех ваша а тарвина, хан йаьккхира цаьршимма.
Хӏинца тӏетовжа верас воцуш, гӏийла дисина Абубакаран къена да-нана. Жимачу шина бераца хеназа жоьра йисина къона Шовда. Церан доладан декхар ву Аюб. Шен ден-ненан, доьзалан санна…
Лулахойн ши беш а хадийна, шайн бешахула керта вахара Аюб. Да-нана а, цуьнан доьзал а бехачу шина цӏийнан корашкахь чиркхан серлонаш къегара. Йуьхьанца хӏара ца вевзина, хӏокхеран месала жен-жӏаьла дера лета дуьйлира, тӏаккха хӏара вевзича, хьалакхийсалуш, цуьнан некха тӏе когаш бетташ, хьестадала дуьйлира.
Буса тӏаьххьалц да-нана долчохь а ӏийна, охьавижа доьзал болчу вахара Аюб. Стенна делахь а, сатоссучу хенахь самавелира иза. Йуха набкхетарг хиларх дог диллинера цо, амма ламазана гӏатта а мало йеш, цхьацца ойланаш йеш, дуккха а ӏиллира. Аюб иштта сема ӏуьллуш, лулахойн жӏаьлеша гӏовгӏа йаьккхира. Дера лета дуьйлира церан жӏаьла а. Вуьшта а даим сакх хуьлу Аюб, сихха шена тӏе бедарш, кога пазаташ йуьйхина, зудчо йакъайала пешан белшаш тӏе хӏиттийна эткаш кога а оьзна, йукъах патарманийн гӏап йихкина, топ схьа а эцна, хилларг хӏун ду хьажа аравала гӏоьртира. Амма зудчо сацийра.
– Хьо ара ма валахьа. Со хьожур йу, и жӏаьлеш хӏунда лета, – Аюб йуха а теттина, арайелира иза.