кӏордийнера, хаац, йа шайгахь товш ца хеттера, хаац. Йа шайн куьйгаш бехдан ца лиънера, хаац, и эхье болх кхечу къаьмнех нахе белла оьрсаша. Дегӏастанхошка, хӏирашка, гуьржашка, абхазашка, эрмалошка. Нохчашна, гӏалгӏашна йукъахь а карийна и тайпа чаьлтачаш. Бакъду, хӏокхара къайлах бо и болх. Ӏедална тӏе къайлах мотт кхоьхьуш. Ахчанах. Уггар эхье болх бу цара бийриг. Шайн къоман вежарий, бусалба вежарий къайлах бухкучул, герз карахь, даррехь летар гӏоле ма йу. Стешха чагӏалкхаш!
Зеламхас дукха ойла йина, ӏедалх бекхам муха оьцур бара-те бохуш. Иза дан хала ду тахана. Массо а йарташкахь эскарш ду лаьтташ. Уьш а нохчашка шайга кхобуьйту. Шайн хӏусамашкахь. Салташна кхача а, мотт-гӏайба а латтош. Церан говрашна докъар, хӏоъ латтош.
Шен а, халкъан а коьрта мостагӏий кхузахь байарх а сатуьйр дац цуьнан. Ӏедало нахера даьккхина ахча, нахана дина зен меттахӏотто деза цо. Ӏедалера ахча а даьккхина. Оццул ахча кхузарчу банкашкахь хир дац. Зеламха уьш тало воьлчахьана, дукха ахча ца дуьту банкашкахь. Россин къилбехьарчу шахьаршкахь ӏалашдо. Москох, Петарбухе дӏадаьхьнарш а бу. Йаккхий йоцчу харжашна банкашкахь дитинарг а, лардеш, чохь ӏалашдо. Церан неӏарш а, догӏанаш а борзан ду. Ха а алсамдаьккхина.
Дуккха а ойла йинчул тӏаьхьа Зеламхас сацам бира кӏирандийнахь Соьлжа-Гӏалара йармарка тало. Цига мах бан богӏу гондӏарчу шахьаршкара совдегарш а. Хӏирийчуьра, Дегӏастанара, Гӏебартара, Ставрополера. Кхин генара а. Шайн товар дохка а, кхузара шайна оьшург эца а. Масех совдегар талийча а, атта гуллур ду цуьнга итт эзар туьма. Иза кӏезиг хир ду. Иза нахера даьккхина ахча ду. Цул совнаха, нехан цӏенош дохийна, даьхни дигна, сал-пал йаьхьна. И дерриг меттахӏотто итт эзар туьма кӏезиг хир ду. Лаххара а ткъа эзар туьма дезар ду.
Гӏалара цхьа банк тало йеза. Уьш йиъ йу цигахь. Царах дукха ахча хуьлуш шиъ йу, боху. И шиъ мичахь йу, хаьа Зеламхина. Цхьаъ – Александран урамехь, хьолахой сакъера гуллучу гӏалин бешана дуьхьал. Шолгӏаниг, мацах Зеламха шен мостагӏ Вербицкий вен ӏалашо йолуш ваханчу «Франция» отелана бухахь йу. Хьалхарниг, Азовско-Донски коммерчески банк, тало аьтто болчахь йу. Беша уллохь.