Йамарка а, банк а цхьана дийнахь талийча, ӏедало орца цхьана агӏор дерзийча, вукхарна шайн гӏуллакх дина дӏабаха аьтто хила тарлора. Амма цхьана дийнахь шина тобане бекъна гӏали чу бига накъостий бац Зеламхин. Цундела йармарка хьалхайаккха сацам хилира цуьнан. Иза кхиаме чекхдаларан тешам болуш гӏуллакх ду. Банкаца дерг тӏаьхьа дийр ду цо.
Амма хала хир ду и ӏалашо кхочушйан. Хьалха-м масех йа маситта стаг цхьаьна а кхетий, боьлхура уьш ишттачу гӏуллакхе. Хӏинца хала хир ду. Массо йуьртахь, некъашкахь салтий, гӏалагӏазкхий лаьтта. Жимма а шаьш шек болу стаг, сацавой, дегӏах хьуьйсу. Лоций, вуьгу.
Цул совнаха, хьалхалера накъостий а бац Зеламхин. Ши шо гергга хьалха цуьнца Гӏизлара баханчарех а бац. Саламбек, Аюб, Абубакар, Жабраил. Кхин дуккха а. Гӏизлара рейд йеш, шина отрядан коьртехь вара Саламбек а, Аюб а. Зеламха, шех санна, тешара цаьршиннах. Хӏинца вац и шиъ. Кхин дуккха а.
Ярмаркера совдегарш тало ткъа стаг къастийра Зеламхас. Царах ши тоба йира. Церан коьрте уггар майра, доьналле виъ стаг а хӏоттийра. Ткъа стаг цхьаьна-м хьовха, пхиппа цхьаьна гӏали чу ваха а кхераме дара. Говрашкахь бахар а дихкира. Гӏуллакх чекхдаьлча, говраш ярмаркехь шортта хир йу. Гӏали чу хьалхарчу суьйранна даха дезар ду. Шайн хьешашкахь цхьацца-шишшаммо цхьаьна буьйса а йаьккхина, шолгӏачу дийнахь базар тойеллачу хенахь билгалйинчу меттиге дӏагулдала. Ярмарке ворданашкахь догӏур ду, герз вордан чохь гӏодмашна йа алана кӏел дӏа а лачкъийна. Гӏуллакх эха сохьтехь чекхдоккхур ду. Тӏаккха ярмарке баьхкинчу нехан говрашкахь чехкка цигара дӏадовла деза. Шайн говрашна тӏекхаьчча, ярмаркера лецна говраш дӏахеца.
Цхьаьнакхета меттиг – Дубин-Эвлан йистехь.
Дерриг а дийцина, лерина, терзанца санна, оьзна дара. Шена накъостий къастош, Соипан цӏе ца йаьккхинера Зеламхас. Цунах вас хилла, Зеламхина тӏевеара иза:
– Зеламха, Соьлжа-Гӏала буьгучарна йукъахь сан цӏе ма ца йаьккхира ахь?
– Хьо ца вуьгу ас сайца.
– Хӏунда?
– Ца вуьгу.
– Сох ца теша хьо?
– И дага хӏунда деана хьуна? Хьенан ву а, мила ву а ца хуучу хенахь салташкара ас схьа ца ваьккхина хьо?
Соипан йуьхь цӏийелира.
– Хьан ненан хьо цхьаъ бен вац.