Хьан ши бер ду. Тхо кхерамна тӏедоьлху. Цхьа а дийна вуьсий а, хаац.
– Чермойн ломахь бацара кхерам?
– Хӏинца санна бацара. Хӏетахь вайна мостагӏ гуш вара. Вай тӏаме даханера. Кханалерниг шатайпа ду.
– Со дӏакъаьстар вац хьох, Зеламха. Чермойн ломахь тӏаьххьара ваша а вийна, цхьа висина хьо. Иза пхийтта шо жима вара сол. Цуьнан метта хьан ваша ву со.
Зеламхас мел дуьхьало йарх, ша бохучунна тӏера ца велира Соип. Цунна хӏун дийр ду а ца хиъна, иза ларвар тӏе а диллина, Бетарсолтех дӏатуьйхира Зеламхас.
Оцу буса цкъа Шерипагӏеран Деналбек волчу вахара Зеламха. Цуьнан жима доттагӏ Асланбек цигахь вацара. Полтавехь кадетийн корпусехь доьшуш вара иза.
– Кехат догӏий сан доттагӏчуьнгара?
– Сих-сиха.
– Муха ду цуьнан гӏуллакхаш?
– Дика доьшуш ву ша бохуш, йаздо. Оьрсийниг боцург, кхин масех мотт ӏамош ву. Шен хӏора кехат тӏехь хьо а хотту.
– Дала дукха вахавойла иза. Къонах хир ву цунах. Дуьххьара бӏаьрг кхетча, хиира суна, цунах къонах хир вуйла. Болатан бос, ӏаьржа, хьекъале бӏаьргаш. Айхьа цуьнга кехат мосазза йаздо, соьгара маршалла диллалахь.
Сибрех болу Зеламхин доьзал цӏаберзоран гӏайгӏа беш бара вежарий Шериповгӏар. Шаьш дӏасабевлла ца лелара, Петарбухехь а, Москох а лоруш волчу адвокатехула Мутушагӏеран Ахьматханехула гӏайгӏа бора цара.
– Пачхьалкхан Думехь лоруш волчу масех депутатаца къамел хилла Ахьматханан. Суьдашна, прокурорашна тӏехь тергам латточу юстицин министро дош делла цунна хьан доьзална тоьхна хан лахйан. Йа вуьшта аьлча, цунна тоьхна пхи шо хан шина шаре йало. И ши шо хан кхочуш йоллу. Дала мукъалахь, кестта цӏабоьрзур бу хьан доьзал.
Деналбек волчохь дукха ца хьелуш, йуьстахчу, боданечу урамашкахула гӏалех ара а ваьлла, Соьлже вахара иза. Цигахь бехаш бара Зеламхин уггаре а тешаме хьеший, вежарий – ӏодагӏеран Юнус а, Юсуп а. Тховса буьйса йаккха цара дӏасабекънера кхузахь Зеламхин накъостий. Зеламхас дагалаьцнарг дерриг хаьара шина вешина. Дагара ца хаийтахь а, муха доьрзур ца хууш, сагатлуш, буьйса йуккъе йаххалц цхьацца дуьйцуш, хан йайъина, охьавижира и шиъ.
Зеламха дикка ӏийра наб ца кхеташ. Деналбека дийцинчух боккха кхаъ хиллера цунна. Ша марша вер ву бохучух-м