Цу серийн тускарахь
Накхармоза ва санна,
Дууш мерза дара хьо,
Малх кхета ва дуьне.
Кийрахь стим баьттӏа
Доӏаха ва санна,
Хьо къахьлург хилла-кха,
Кийрара дог доьхча…
Халкъан илли
Зеламхин гӏуллакхаш, ва Дела аьлла, ца нислора хӏокху тӏаьхьарчу кхаа шарахь. Бенойн дукъахь Гушмацӏа а, Солтамурд а вийчахьана дуьйна схьа.
Хӏетталц кхиамца чекхдовлура цо дагалаьцна дерриг а гӏуллакхаш. Хьоле некъахой а талош, йийсаре а балош, цаьргара йасакх а йоккхуш. Банкаш а, кассаш а талош. Шен, халкъан а мостагӏий – Добровольский, Митник, Чернов, Галаев… – бойуш а. Оцу кхаа шарахь кхиам хилла цуьнан кхаа гӏуллакх тӏехь. Андронников, Долидзе вуьйш а, Донагуловх бекхам оьцуш а, Соьлжа-Гӏалин станцера касса талош а. Амма Долидзе а, цуьнан команда а хӏаллакйеш, боккха бохам хилла цунна. Тӏаьххьара ваша Бийсолта а вийна. Мел тӏаьхьаталларх, Михеевн нуц йийсаре а ца лацавелла. Иза ша а, накъостий а Делан къинхетамца ӏожаллех кӏелхьарбевлла. Амма хӏетахь а, хьалха Чермойн ломахь а кхочуш ца хилла цуьнан коьрта ӏалашо. Шарль Акс йийсаре лацар а, ярмарка талор а.
Иза хилла ца ӏара Зеламхин догдохийнарг. И ши гӏуллакх бахьана долуш дуккха а нахана зуламаш ма дина ӏедало. Долидзен команда а, инженераш а, некъан белхалой а цо байъича, Зеламхин гергара бӏе везткъе итт стаг, лаьцна, Сибрех вахийтина. Оцу нахана ӏедало дина зенаш меттахӏитто ницкъ ца кхаьчна цуьнан. Ткъа Соьлжехь цуьнан кхиамза дисина гӏуллакх бахьана долуш, даим а цуьнан тешаме хьеший хилла ӏодагӏеран Юсуп, Юнус Сибрех вахийтина. Церан цӏенош дагийна. Дӏабаханчу баттахь ворхӏ эвлайаъ, лаьцна, Россе дӏавигна. Шайн доьзалшца цхьаьна. Уьш а хӏара Зеламха бахьана долуш лецна ша, боху ӏедало.
Уьш хӏокху цхьана шарахь лецнарш, набахтешкахь бахкораш, Сибрех каторге бахийтинарш бу. Ткъа Зеламха обарг ваьлчахьана дуьйна цхьайтта шарахь, иза бехке а веш, иза бахьана а лоьцуш, ӏедало бохамаш бинарш мел дукха бу! Церан къа хьаьрчина-те цунах? Зударийн, берийн, къеначеран?