Цхьа чӏогӏа бехк баьлларг, халкъана зуламе ваьлларг бен стаг ма ца вийна цо. Уьш а дукхахберш паччахьан эпсарш, хьаькамаш бу. Бакъду, Зезаг бахьана долуш, Эльсангӏарах ши стаг вийна цо. Цара а вийна Зеламхагӏарах шиъ. Ца хууш кхетта, Зеламхин карах Саркагӏеран кӏант а велла. Ӏедалан айкхаш а, йамарт нах а байъина. Зеламхас ша а, цуьнан накъосташа а. Бехк-гуьнахь доцу стаг ца вийна цо цхьа а.
Цуьнан да а, ваша а вийнера ӏедална вохкавеллачу бенойн Буццус. Цушиннан чӏир йоькхуш, Буццусан ваша Межед вийра Зеламхас. Кхин цхьаъ вен везаш а ву. Гушмацӏас, Зеламхас, Солтамурда цхьа а тайпа новкъарло ма ца йинера Буццусагӏарна-м хьовха, атталла, бенойн тайпанна а. Буццусагӏар ӏедална бохкабеллера. Ахчанах. Дуьненан хьолах. Цундела бутт хьалха нохчийн йарташкара итт эзар туьма доккхуш, Буццусан цӏийнан нахера кепек а ца даьккхинера ӏедало. Уьш шен йалхой, лайш хиларна. И тайпа йамартхой байа ма беза. Лаха а лохуш. Церан хӏу дайа. Кӏур байа. Шайн гергарчара а, тайпанан наха а ца совцабо уьш. Царна дика хаьа уьш кхахьпанаш дуйла. Хӏетте а ца совцабо уьш. Ткъа Зеламхас байъича, цуьнга чӏир кхайкхайо. Нийса ма дац иза. Шайн хьерадаьлла зуд ден деза долчара.
Зеламха кӏадвелла. Кӏадвелла ца ӏа. Гӏелвелла. Оцу цхьайтта шаро гӏелвина. Дийнахь-буса а йамартлонах, тешнабехках ларвала гӏерташ, даим дӏа сема, сакх ваьхна. Наггахь нехан хӏусамехь бовха кхача буу цо, кӏедачу метта охьа а вуьжу иза. Ткъа дукхахйолу хан меца, шелехь, йерзинчу стигала кӏел охьавуьжуш йоккху. Могашалла а йац хьалхалерниг. Да а, ваша а вийчахьана, даго сагатдо. Хьалхе ма ду иза. Цуьнан шовзткъа шо а бен ма дац. Халонаша, бохамаша, баланаша хеназа къанвина. Массарех хаьдда, цхьа висина. Доьзалера хабар а дац. Бархӏ баттахь Буритӏахь латтийна, Сибрех бигна. Наггахь кехат догӏура цаьргара. Шаьш могаш ду, дика ӏаш ду, шайна са ма гатде олий. Тӏаккха масех кехат деара, кхечу агӏор дуьйцуш. Шаьш ӏаламат вочу хьолехь ду. Хьо бахьанехь шайгахь хӏара бала хӏунда латтабо ахь, обаргалла дӏа а тесна, ӏедална, хьаькамашна тӏе а вахана, хӏокху балех тхо хьалха хӏунда ца доху ахь бохуш.