— Хуьлу де́ра, вордано бекъа йеш ма хуьлу и а ца хаьара хьу́на?! Хьо ас бо́хучух ца тешахь, вайшиъ кхе́лахочун тӏе гӏур ву. Цо хоуьйтур ду хьу́на, со бакъ вуйла.
Уьш кхе́лахо волчу бахара. Цо цу шинга ла а дуьйгӏира, тӏаккха шен маж а шарйина, вела а къежна, э́лира:
— Шух бакъ мила ву къасто атта дац. Хӏун дан деза аьлча, хӏинца шуьшиъ цӏа гӏо. Кха́на ӏуьйранна со волчу схьавола. Уггаре а йерстинарг а, уггаре а хазаниг а, уггаре а масаниг а йа́лош, ва́н веза. И ас бо́хург кхо́чушдинчуьнан хир йу бекъа.
Къехо кхе́лахо волчуьра кхоьлина дӏавахара. Уьш шена мичара карор йу, и ша́ му́ха кхо́чушдийр ду, бо́хуш, сагатдора мискачу стага. Цунде́ла иза сингаттаме цӏа кхе́чира.
Хье́къал долчу йоӏа шен де́на хьалха йург йиллира. Хӏума а кхаьллина, иза паргӏатваьлча, йоӏа цуьнга хаьттира:
— Да́да, хьо гӏайгӏане хӏун да́ ву? Хӏун хилла вайна, соьга хӏун гӏо далур дара хьу́на?
Схьадийца, ас сайга далу накъосталла дийр ду хьу́на.
Да́с йоӏе дерриге а ма-дарра дӏадийцира. Йоӏ, ойла а йина, йелакъежира:
— Да́да, ахь цига хӏумма а йахьа ца йеза. Су́на хаьа, хьу́на му́ха гӏо дан деза. Цо цунна, иза дика кхета а веш, дан дезарг а, а́ла дезарг а дерриге а дӏадийцира. ӏуьйранна миска стаг а, совде́гар а кхе́лахо волчу дӏакхе́чира. Къехо хӏумма а йо́цуш вахара, ткъа вукхо берстина ӏа́хар а, хаза йоӏ а, маса дин а бигира. ӏа́хар, «бӏаь» бо́хуш, ӏоьхура, говро, ког а уьйуш, лаьттах берг йеттара, йоӏ, йела и къежаш, самукъане лаьттара. И дерриге а гуш, самукъадаьлла волу совде́гар, шен толам хир бу, бо́хуш, вела а къежаш, самукъане а, векхавелла а вара. Совде́рагна ре́захиллачу кхе́лахочо цуьнга а хьожий, корта таӏабора. Мискачу стагехьа а воьрзий, цо хотту:
— Къе́н стаг, ахь хӏун йеана?
Къехочо аьлла: — Кхе́лахо, ас хӏумма а ца йеъна. Уггаре а йерстинарг ас му́ха йахьар йара, иза массо а тайпа стом а, йалта а, рицкъа а луш, йогӏуш йолу то́кхе́ гуьйре хилча. Гуьйре хӏинца йолуш йу-кх хьу́на. Ахь цунах тоам бан