Мовсаре, вайшиъ гена воьдий я стенга воьду, аьлла, Мохьмада а ца хоттуш, вайшиъ хӏоккхуза-эцца воьду, Мовсара а ца олуш, доьзткъе ворхӏ дийнахь-бусий новкъа вахана и шиъ. Воьдуш, цхьана хьуьна юккъехь садайна, амма ца соцуш, дӏаоьхуш хилла хӏара шиъ.
Цу хьуьна юккъехула болчу готтачу новкъа, гена валале, говр хьовззал йолчу меттехь, говраш дӏатосу гоьза а, гуш цӏа доцуш, лаьттах хьала болуш кӏур а гина. Меллаша охьа а воьссина, шаьшшиннан говраш дӏа а тесна, кӏур болучу тӏе а вахана, дӏахьаьжча, лаьтта буха боьдуш некъ карийна царна. Цу новкъа хӏара шиъ чувахана. Цу чу кхаьчча, чохь кечбина охьахӏоттийна бовха кхача а карийна. Цӏа чохь ӏаш стагга а ца хилла, кхушинна гуш.
Деллахьа, Мовсар, хӏара хӏун ду-те, Мохьмада ца олуш, я Мовсара Мохьмаде ца хоттуш, кхача а биъна, охьавижина хӏара шиъ. Цул тӏаьхьа, цхьа кӏеззиг за́ма яьлча, пешан туьнкалгехула чу мохь тоьхна цхьана адамо:
— Хӏун боху ахь? — аьлла, хьала йистхилла кху шинна юккъера цхьа хӏума адаман маттахь, амма гуш хӏума-м ца хилла. Оцу за́ман чохь кӏадвелла, набаран тар тесна хилла Мовсарна. Деллахьа, тхойшиъ стенга воьду-те, бохуш, ойла еш волу Мохьмад, наб ца ӏ36 кхеташ, сема хилла. Юха а мохь тоьхна туьнкалга чу:
— Сан йиш яц цига ван, со волчохь мехкан боцу хьеший бу, уьш дӏа а берзийна бен, со мукъа вер вац, — аьлла, кхойкхург дӏавахийтина.
Цул тӏаьхьа Мохьмадана наб кхеташ ца хилла. Дукха хан ялале, юха а чу мохь тоьхна, шозлагӏа а йистхилла и тохарлерра хӏума, ша гуш а йоцуш. Цу хенахь а, тохара санна, вижаза хилла Мохьмад. Оцу гуш йоцчу хӏумано чу къамел дан долийна, хӏусамден цӏе а йоккхуш, Мохьмад цунах ца кхоьтуьйтуш, деш хилла къамел.