Йоккхачу стага царшиннан долу гӏуллакх дийр ду. Оцу кеппара юхаверзар а хир ду цушиннан.
Амма гинарг-хезнарг дийцахь, шагатӏулг а хуьлийла царах, — аьлла, гуш йоцу садолу хӏума къайлаяьлла.
ӏуьйрре хьала а гӏаьттина, говрашка хьажа араваьлла хьаша. Говраш хӏусамдас паргӏатъяьхна а карийна кхарна. Хӏара ма тамашийна хӏума ду-кха, аьлла, вовшашка цецваьлла къамел а ца дина шина кӏанта. Юха цу хӏусам чу а вахана, бӏаьрг эшарца ӏодика ен кеп а лелийна, аравер ву вайшиъ, бохург дагахь долуш, хӏара шиъ чувахча, бухахь, чохь кхаршинна дика кечбина, бовха кхача карийна, хьалха санна, хӏусамда-м ца хилла гуш. Хьешаша юъчул, хӏума а йиъна, оьздда, дегӏаца къовлавелла, ара а ваьлла, кийчча лаьттачу говрашна тӏе а хиъна, новкъа ваьлла ши хьаша. Воьдуш, цхьана боккхачу хӏорда тӏе кхаьчна хӏара шиъ, гуш йоцчу садолчу хӏумано ма-аллара.
Кхунах дехьа валалур а вац, вовшашка ца олуш, хӏорда чу вала воллуш хилла хӏара шиъ.
Мовсара шен говр чутоссушехь, Мохьмада, цу йистерачу ножах сара а баьккхина, Мовсарна а ца гойтуш, хӏорда чу тесна. Цига тӏай хӏоьттина. Хӏорда чу кховдийна Мовсаран говран ког тӏай тӏе а нислуш, и шиъ дехьа а ваьлла, оцу хӏумано ма дийццара, йоккха стаг йолчу хӏусаме кхечира хӏорш. Оццул даккхий, тамашина хӏуманаш шаьшшинна гиннашехь, хӏун, муха, аьлла, вовшашка хаттар деш а ца хилла кху шиммо.
— Хьеший богӏу хьуна, йоккха стаг, де дика а дойла хьан, буьйса къобал а йойла хьан,—
олуш, сихха паргӏатваьлла хӏара ши хьаша, говрашкара охьа а вуссуш.
— Ой! Марша а вогӏийла шуьшиъ, деллахьа, ма дика ду-кха шуьша тховса мукъане а схьакхаьчна; кхана кхо бутт кхочу-кха Жовхӏар йоьлхучуьра сацаза, Мовсар, хьо гӏена- кхоьлах дуьхьал а тесна. Тховса а хьо ца кхаьчнехь, тӏаьхьа а вуьсура.
Мовсар, къечу доьзалах схьа а ваьлла, Мохьмад санна, хьалххе тӏера да а кхелхина, жима йолуш нанас кхетамца а, цӏена а, нахал ца эшо гӏерташ а, кхиийна хилла, оццул генарчу Жовхӏарна дуьхьал тассал исбаьхьа, хаза, куц долуш, оьзда а хилла. Мовсарх къасталур воцуш, яхь йолуш, Мохьмад а хилла исбаьхьа накъост. Хӏусамнанас аьлла: