Цо зӏийдиг хоьцу, юха иза, озалой, малхе хьалакхевда, юьхьанца – цхьа хьомсара, хела-ховха, зене йоцуш. Иза цӏен хорсам я розийн колл хир йолуш хӏума елахь, дӏакхиийта шена ма-ттов. Амма иза цхьа зуламе буц елахь, хьайна йовза ма-евззинехь, оззийна орамца бухъяккха еза. Хӏинца Жимчу элан сайрат тӏехь а ду и ирча, вуно зене хӏу... баобабан хӏу ду иза. Оцу сайратан дерриг лаьттана бала хилла цу хӏух. Жима йоллушехь хьуна и баобаб йовза ца йовзахь, тӏаьхьа цунах вада а, вала а меттиг хир яц. Хьан сайрат цо йоккхур ю. Цо шен орамаш чекхдохур ду цунах. Ткъа нагахь сайрат жима а йолуш, баобабаш дукха хилахь, цара сайратах кескаш йийр ю.
– Йохо йиш йоцуш ю цхьа раж, – элира соьга тӏаьхьо Жимчу эло. – ӏуьйрана хьалагӏаьттиний хьо, юьхь-куьг дилина а, битаме веъна а ваьллий хьо, – сихонца дӏахӏоттий битаме ялае хьайн сайрат а. Денна а асардан деза, уьш зезагийн коьллех схьакъаьсттарг хиллачул тӏаьхьа, баобабаш дӏайохуш: къона зӏийдигаш-м церан вовшех къасталуш а ца хуьлу. Иза кӏордош болх бу, амма хӏумма а хала бац.
Хӏуъа дай а, ша дийцинарг сурта тӏехь гайта хьажа, цуьнах шаьш долчура бераш кхеттарг аьлла, тӏе а диллира цо суна.
– Мацца а цкъа арадевлла лела дезаш меттиг ягӏахь – элира цо, – царна карор ду хьуна и. Цхьаболу болх-м тӏаьхьататта а мегар ду, башха зен хир дац. Амма баобабаш тӏера хьан бӏаьрг дӏатуьлий, – дӏадаьлла хьуна. Суна цхьа сайрат евзара, малонча вара цу тӏехь вехаш. Шен хеннахь асар а ца дина, дӏаяккхаза кхо колл йиснера цуьнан...
Жимчу эло хилларг ма-дарра схьа а дуьйцуш, ас оцу сайратан сурт диллира. Нахана хьехамаш бар бӏаьрга дан дезаш вац со. Амма кӏезга нах бу, баобабаш мел кхераме ю хууш, ткъа иштта стаг цхьана астероид тӏе кхачахь, цунна царех бала хир бу, бала чот йина вер воцуш бу; цундела вуьйхи-кх со сайн гуттар а долчу собарх. «Бераш! – боху ас. – Ларлолаш баобабех!» Мацах суначул башха царна шайна а буй ца хууш, дукха хенахь дуьйна царна кӏело йина ӏа бохам сайн доттагӏашна дӏабовзийта лаьа суна. Цундела хьегна ас хӏара сурт дуьллуш оццул къа а, я хьегна дохко а ца ваьлла.